23.06.2015

Ахмадов Муса. Ненаца къамел. Цхьана суртехъ драма.

Дакъалоцурш:

Нана
К1ант – суьрташдахкархо.

К1АНТ. Нана, тховса а еа-кх хьо. Суна тахана цхьа де дагадеънера, нана. Казахстанехь дара иза. Цхьана малх кхеттачу дийнахь хьо балхара ц1аеара, к1адъелла, халла са а доь1уш. Хьо бос баьхьна яра, х1етте а ирсе елакъежара. Ахь дуьххьара хьайна деллачу алапех суна мачаш а, кампеташ а еънера. Сан х1етахь ялх шо бен дацара. Суна ца хаьара, ахьа оцу алапех хьайн могашалла луш юйла. Шахтехь болх беш хиллера хьо… Божаршна а хала болх айхьа беш, со меца ца вита г1ерташ, къахьоьгуш, г1елъелла, цамгаро лецира хьо.

Хьо кхелхинчу дийнахь суна чубуьзна малх х1инца а кхетаза бу.
Дуьненчу кхета-м кхета малх, амма суна ца го иза. Х1етахь дуьйна суна ца деза малх кхетта денош.
Цундела сайн суьрташ кхоьлинчу дийнахь, я буса дохку аса.
Нана, дийцахьа, муха хилира иза: сан да кхузахь каш доцуш вайна, ткъа хьо генарчу махкахь 1уьллу, со кхузахула волавелла лела, эсарчу мохо лоьхку комала колл санна.

Буьйса. Суьрташдахкархочун пхьалг1а. Гучудолу ненан г1аларт.

НАНА. Сан к1ант, дера дара иза доккха де, доьхна де. Боккха бала боьссинера вайн махка.
Оцу 1уьйранна хьой, хьоьца дуьненчу яьлла хьан йиша Маримий юза а йина, йина сискал кхе йиллина со йоллушехь, вайн не1 бух а йоккхуш, чу лилхира адам-йилбазаш. Цаьрца цхьаьна чу хьаькхира и шийла, къиза йилбазмох. Цо д1аяйира вайн кхерчара ц1е. Ткъа сийдоцчу мостаг1ашна, ши салти а вуьйш, дуьхьал ваьлла хьан да, оцу йилбазмахо, ваьхьна, т1епаза вайъира.

Ткъа хьоьца шала йина хьан йиша Марима цара 1адийначуьра метта ца йог1уш, сих а хаьдда, г1орийна шагат1улг а хилла, д1аелира.
Иза кешнашка-м мича йохьуьйтура соьга, маьждиган кергахь д1айолла г1ерташ, т1ехь лаьтташ салтий а болуш: «Яла сихха!» – бохуш, г1орийначу лаьттах туьйсуш, ц1ийш а оьхуьйтуш йохийна м1араш со коша йиллалц лезира сан.

Илли хеза:
И чуьйна болат ма ч1ог1а ду,
И сенчу ц1аро лаладо –
Хьо стенах дина, кийрара дог,
Ма ч1ог1а дина хиллера хьо.
И шийла шовданаш г1орийна,
Цу диттийн баххьаш т1е к1ац йиллина.
Х1окху нохчийн, г1алг1айн махка
Шийла кхаъ кхаьчча,
Ца дешир, ца дегира кийрара дог.
Хьо стенах дина хиллера-те,
Ма ч1ог1а дина хиллера хьо.
Болатан цу багахь сийна ц1е летош,
Гомачу новкъа дуткъа дег1 сеттош.
И ц1еран машенаш юьйлаелча,
Ца дегир, ца дешир кийрара дог.
Хьо стенах дина хиллера-те,
Ма ч1ог1а дина хиллера хьо.

К1АНТ. Нана, нана… Сайн пхийтта шо кхаьчча, со х1окху юьрта веара. Ас лийхира сайн йишин Маримин даь1ахкаш маьждиган кертахь, уьш кешнашка яьхьна, бусалба динехь д1айохкийта дагахь. Х1умма а ца карийра суна. Маьждигах, цхьа т1улгийн пенаш бен, х1умма а ца йисинера. Вай юьртах даьхна д1адуьгуш, юхахьаьжначарна гина хиллера маьждигах хьерча сийна ц1е…

Ц1а дирзича, вайн юьрта баха хьала ца бахийтира нах. Теркал дехьа совцийра, кара1амош, къарбан атта хир ду аьлла.
Нана, нана… И соьца цхьаьна исс баттахь хьан кийра бекъна сан йиша Марима гуттар а эшна суна. И д1акъаьстичхьана сайн аьтту аг1o боцуш санна веха со. Сан кхин цхьа а ваша а, йиша а хилла ма дац, и йоцург.
Х1ан-х1а, нана, б1аьрхиш дац хьуна сан б1аьргех оьхуш. Уьш кхачаделла. Хьо цигахь, хийрачу мехкан лаьттахь а йитина, тхо ц1а дог1уш, ц1а кхаччалц а, цул т1аьхьа шо шаре даллалц а воьлхуш, кхачийна сан б1аьрхиш… Ас х1инца ц1е марсайоккху, нана, ахьа дийцахьа… Бийцахьа и вайн декъаза кхоллам.

НАНА. Кира кхоьхьучу вагонашна, бежнаш санна, чу а лаьхкина, оцу вагонаш чохь д1абоьлхуш, цхьаберш г1айг1анах хорам хилла, вуьйш цамгаршна леш, уьш ц1ерпошта сецча лайла a 1уьттуш, д1абохкаран метта. Шен хьаштана юьстахвала меттиг йоцуш, иэхь-бехк, оьздангалла ларъян йиш йоцуш (бакъду, вайн эвлара Пайзуллин йо1 Хазбика – б1аьрго йоххол оьзда йо1 – шен иэхьах ца юхуш кхелхира цу чохь), дуьхьал шаршош а оьхкина, керла адамаш дуьненчу дохуш, ванах, xlapa сел ирча г1ан ма дахделла бохуш, хиллачух теша ца лууш д1аихира берх1ийтта дийнахь-бусий. Т1аккха шийлачу мохо лоькхучу аренашка, акхарой дог1у шуна, сема хилалаш, бохучу хабаро дарбинчу нахана т1ебиссийра. Цигахь мацаллина, шелонна, дужу г1a санна, д1абохка а ца кхиош, хьарчо марчо а доцуш – луо а, дарц а хилир-кха царна марчо, – х1аллакъхилира вайнах…
К1АНТ. Ткъа къонахий бацара цигахь?..
НАНА. Къонахий а бара, къонахий боцурш а бара дуккха а… Сулайми Бауддис илли аьлча, вилхина Ч1ебарлара Бетар, цхьамма мотт а тоьхна, 25 шо хан а тоьхна, чувоьллира.

Йиш хеза:
Тхов т1ера котаман бен бохий ахь,
Цу т1е боьду берийн некъ бохий ахь,
Сталин, тхан дахар дохий ахь,
Ва-а, Дала вилла хьо яьшки чу.

Х1аъ, и йиш лекхна аьлла, Шарара Себила, 16 шо кхаьчна кхиъна йог1у йо1, 15 шо а тоьхна, шийлачу махка хьажийра. Дера яра, к1ант, декъаза зама, цхьа Дела воцург, орцахвала стаг а воцуш.

Назма хеза:
Нохчийн, г1алг1айн и г1ийла къам
Х1аллакъхилла долуш лаьтта,
Дохкодевлла тхо хьоь кхойкху,
Ахь гечдехьа, везин Дела.
И Дег1аста юхалохьа,
Тхан Даймохк ахь б1аьрга гайта,
Оха дош ло, везин Дела,
Хьо виц ца веш, Хьуна даха.
Хьог1ах, гамох дегнаш ц1андеш,
Тхаьш санна, тхайн накъост везаш,
Даим маттахь Хьо хьехавеш,
Оха дош ло хьуна даха.
Тхан къинош сов алсамдевлла,
Хьоьга деха юьхь йоцуш ду,
Тхоь ца хьоьжуш, Хьайга хьажий,
Къинхетам бе, везин Дела.
Тхаьш лелийна хьарам дериш,
Дохкодовлуш, кхин ца лело
Оха Хьоьца тоба ма до,
Къобал делахь, везин Дела.
Тхайн Дег1аста ахь схьаяллалц,
1аьржа лелаш, таь1на лелаш,
Синкъерамех, цу ловзарех
Тхо ларлур ду, везин Дела.
Шен дег1ана темаш лоьхуш,
Хьо реза веш, вовза йиш яц,
Шайт1ан дуьней, дегг1ий эшо
Хьуьнар лохьа, везин Дела.
И хьаг1, гамо дагчохь йолуш,
Хьо реза ван йиш йоцуш ду,
Хьог1ах, гамох, хьегарх ц1андеш,
Безам лохьа, везин Дела.
Хьо воцчуьнга толур доцуш,
Доьхна г1уллакх Ахь тодехьа,
Тилла тоба кхетаехьа,
Тхан Дег1аста юхалохьа.

К1АНТ. Иштта Дег1астане сатуьйсуш, боьлхуш, кхойтта шо д1аделира. Делира Дала мискачеран до1ина жоп. Ц1а дерза бакъо а елира. Амма суна ца лаьара, нана, хьо цигахь а йитина, ц1а ваха, Даймахке сатийсам мел боккха хиллехь а. Суна цигахь, кест-кеста хьан коша т1е а вог1уш, сайн бала а ловш, ваха лаьара. Делахь а девашас хийцира сан ойла.
«Хьан ненан даь1ахкаш кху лаьттахь яхкахь а, цуьнан са тоххарехь ц1а а дахана, вайн юьртарчу кешнийн ох1ланехь ду хьуна», – элира цо.
Со ц1а веара. Оцу бехачу новкъахь б1аьрхиш а 1енош.

Илли хеза:
Стигланаш, шу марша 1ойла,
Латтанаш, шу марша 1ойла,
Марша 1ойла, кешнийн ох1ла,
Тхо-м д1адоьлху Дег1астана.
1уьйренаш, шу оха йити,
Суьйренаш, шу оха йити,
Оха йити сийна Сибрех,
Кхин ца лела ч1аг1о йина.
Терзанца оьзна бен рицкъа доцчу,
Эзар волчух б1е ца вог1учу,
Ва дийца каш доцчу
Цу сенчу Сибарех,
Дай-нанойх къаьстина,
Дег1астане сатуьйсуш,
Жам1ате сатуьйсуш,
Молланаш боьлхуш,
Вешеха ва яьлла
Йиша йоьлхуш,
Доьзалах ва яьлла
Нана йоьлхуш,
Тхан рицкъа яздина
Хилла-кха цу сенчу Сибарех.
Йорабби, шаьш байлахь
Бисина доьзалаш бог1у,
Йорабби, вешеха яьлла,
Де доьхна хийла йиша йог1у.
Йолалохьа, нана-Дег1астана,
Елалой, хьасталой, дуьхьал ялахьа,
Хьайн уммат дог1уш.

К1АНТ. Ц1а кхаьчча, ма хетта дахар ца нислуш, дийнахь тем а, буьйсанна наб а йоцуш, б1аьрзе хьийзара нах. Церан кхетамо лоьхура хьалхалера дахар. Амма иза гуттаренна а д1адахнера вайн къоман х1аллакъхиллачу баккхийчеран чкъураца цхьаьна.
Амма дукханна а баха ца лаьара керлачу дахарца. Уьш бехара сатийсамашца а, дагалецамашца а.

Цхьанххьа а синтем ца карош, Россин г1аланашкахула волавелла лийлира со а.
Х1инца шовзткъа шо кхаьчча, кху вайн яссаеллачу юьрта веъна, xlapa суьрташ а дохкуш, хан токху ас. Сан белхийн гуттар а цхьа тема ю: вайн хедийна орамаш, вай ц1ийнах, ц1арах дахар… (Суьрташна хьалха а сецна, дуьйцу царах лаьцна). Делахь а цхьаъ ца тоьаш санна хета суна гуттар а сайн суьрташкахь. Нана, тхан дахарехь ца тоьарг ца тоьа сан суьрташна а – шун дахарехь хилла бакъйолу нохчолла…

Хиллачу оьздаллин дисна цхьа 1индаг1,
Хиллачу кураллин дисна цхьа 1индаг1,
Дерриге дахана к1оргачу 1инах,
Цхьа синош схьах1уьтту, цкъа кхузахь 1ийнарш.

Хиллачу адамийн 1индаг1аш ду вай,
Еса ю вайн б1аьвнаш, стаг воцуш чу ван,
Ваг1ахь а шарахь цкъа генара хьаша,
1индаг1а ду иза – д1авоьду маса.

Х1уъу деш вай хьовзарх: охуш, дуьйш ялта,
Сакъера ховшахь а, эт1абеш пондар, –
Д1адийнарг ца кхуьу цхьа сискал ял а,
Сакъерар хуьлу вайн шайт1анийн ловзар.

Вайн мехкан са даьхьна цу 1аьнан буса,
Ц1ерпошто даьккхина турпалчу дег1ах,
Цундела вайн ялтийн буьртиг ца бузу,
Цунах ду шовданаш т1етесна 1exa.

Ц1ен коьрте довлийша доггах дан зикарш,
Даккхийша ц1ийн carla, д1атоттуш бала,
Цу Деле до1ица дехийша дикка,
Вайн мехкан даьхьна са духа ло алий.

Вайнах №5-6, 2015.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх