05.11.2015

Ахмадов Муса. Кегий пьесаш

Дуьне доьхна

Дакъалоцурш:

Куьйра
Кхокха – цуьнан зуда
Висийта – церан к1ант
Руслан
Эмир
Жимстаг

I сурт

Чохь Куьйрий, Кхокхий

Кхокха. Стаг, сан сагатдеш цхьа х1ума ду-кх.
Куьйра. Х1ун ду иза?
Кхокха. Оцу вайн к1ентан тидам беш вуй хьо?
Куьйра. Х1унда бохура ахь? Суна и наггахь бен гуш а ма вац… Со сарралц балхахь ву. Со д1авижжалц и ц1а вог1уш а вац… Доьшуш ву ша боху…
Кхокха. Дешар буса ма ца хуьлу…
Куьйра. Дешар д1адаьлча… цхьанхьа курсашка оьхуш ву ша элир-кха цо.
Кхокха. Уьш х1ун курсаш ю-м ца хаьа суна… Хийцавелла-кх иза.
Куьйра. Муха хийцавелла?
Кхокха. Амалш хийцаелла-кх… Сингаттаме ву… Т1екара валар а дац… Иза-м лулахоша а боху…
Куьйра. Х1ун боху цара?
Кхокха. Хийцавелла боху-кх… Вистхилар а дац… Зудаберах б1аьрг кхетча-м, 1адийча санна, лаьтта б1аьра вог1алой, уллехула т1ехъэккха боху… вагийча санна.
Куьйра. Боккъаллий? Вага-м ас вийр ву хьуна иза… Со хьожур ву и муьлхачу курсашка оьхуш ву.

II сурт

Чохь Эмир а, Руслан, Висийта.

Эмир. Ши к1ант… шуьшиъ кийча вуй… новкъавала.
Висийта. Мича новкъа вала?..
Эмир. Ялсамане ваха.
Руслан. Цу новкъахь ду-кх вай гуттара, ИншаАллах1!
Висийта. ИншаАллах1.
Эмир. И дика ду! Делахь цхьа х1ума ду вай чекхдаккха дезаш… Цкъа х1ара цхьацца буьртиг д1амала. (Молха ло.)
Висийта. Х1ара х1ун ю…
Эмир. Хаттарш… хаттарш ма де! Бохург диэ!
Висийта. Бехк ма биллалахь…
Эмир. Шуна пайдехь доцург цхьа х1ума хьоьхур а дац Эмиро, цхьа х1ума лур а яц… шуна…Д1амала, цо корта ц1анбийр бу шун харц ойланех.

Шимма а д1амолу таблеткаш. Х1инца т1едахка б1аьргаш.

Вукхашимма до шайга бохург. Болало мукъам.

Шуьшиъ цхьана хазчу г1айри т1ехь ву… гобаьккхина гонах яй тулг1еш етташ х1орд бу… Мела мох… Шуьшиъ набарна чувулу.

Вукхушинна набаран тар тосу.

Х1инца ладог1а соьга, ас зил туху шуьшиннан кхетамехь: уггаре а коьрта Эмир ву. Цо аьлларг, «ир-бир» ца олуш, чекхдаккха дезаш ду. Дас аьлларг а коьрта дац. Нанас аьлларг а коьрта дац. Цхьамма а аьлларг дан ца деза. Эмира аьлларг ду коьрта. Эмира аьлларг ду дан дезаш. Эмира аьлларг! Д1аязде и шайн кхетамехь. Д1ач1аг1де и, т1е гел а хьовзош! Х1инца самадовла!

Шиъ самаволу.

Мила ву коьрта?
Висит, Руслан. Эмир!
Эмир. Хьан аьлларг дан деза?
Висит, Руслан. Эмиро аьлларг.
Эмир. Иза дика ду. Х1инца хьовсур вай шун ц1ерашка. Висийта! И х1ун ц1е ю?
Висийта. Ца хаьа тхан дедас тиллина иза… Со дуккха а вахийта.
Эмир. Муртадийн къамелаш… Ваха Дала шена еллачу хена чохь бен ваха йиш яц… Вай Висийта бахарх цхьа а вуьсур а вац… Хьан ц1е тахана дуьйна д1а Аслуддин ю хьуна. Кхийтирий хьо? Аслудди!
Висийта. Кхетта.
Эмир. И дика ду! Х1ун ю хьан ц1е!
Висийта. Аслудди!
Эмир. (Ца вешаш Руслане.) Х1инца хьан ц1е… Руслан? И х1ун ц1е ю… И тайпа ц1е ж1аьлина бен тилла мегар а дац… (ца вешаш) Руслан тов…
Руслан. И суна сан нанас тиллина…
Эмир. Хьаъа тиллинехь а, д1аяккха еза! Вуо ц1е ю! Тахана дуьйна хьан ц1е Бурханиддин ю хьуна!
Руслан. Дика ду. Буруддин.
Эмир. Буруддин яц, Бурханиддин ю.
Руслан. Х1аъ, Бурханиддин…
Эмир. Тховсенна тоуьйтур ду вай. Ас шуьшинга делла герз мичахь ду?
Висийта. Д1адиллина.
Руслан. Ас а д1адиллина.
Эмир. Дикка д1адиллиний ашшимма иза? Нехан кара ма дахийталаш и.
Висийта. Дикка д1алачкъийна.
Руслан. Аса а дикка д1алачкъийна.
Эмир. Х1инца д1аг1уо… Х1окху деношкахь новкъавала кийчча 1иэн.
Висийт, Руслан. Ладуг1уш ву, Эмир, 1одика йойла… Марша 1ойла.
Эмир. Идите, идите… И нохчийн к1айн хабарш а ца дуьйцуш.

Висийта, Руслан, ара а волий, д1авоьду.

III сурт

Висийта ву цхьацца кечамаш беш новкъавала, рюкзак кечйо, тапча схьаоьций, доьхкарх юллу. Цу хенахь чуволу да – Куьйра.

Куьйра. Хьо х1ун кечамаш беш ву?.. Хьо мича ваха г1ерташ ву?

Висийта дуьхьал вист а ца хуьлу.

Вистхилий вала! Мича ваха г1ерташ ву хьо?
Висийта. Делан новкъа! Джихаде.
Куьйра. Мичахь ду джихад?
Висийта. Цхьанхьа ду-кх!
Куьйра. Ас дийр ду хьуна джихад!. Охьайилла рюкзак! (Туху.)
Висийта. Ца юьллу! Эмира аьлларг коьрта ду! Эмира аьлларг дан деза!
Куьйра. Со ву хьан да! Сол лакхара цхьа а эмир вац хьуна!
Висийта. Х1ан-х1а, массарал а лакхара эмир ву. Эмира аьлларг дан деза, дас аьлларг дан ца деза…
Куьйра. Ас дуьйр ду хьо, ж1аьла! И х1ун шайт1анан мотт бу ахь буьйцург?! (Туху.)
Висийта (тапча т1е а лоцуш). Д1авала хьалхара, ас герз туху хьуна!
Куьйра. Х1ун?.. Муха?.. Дена т1е герз… Х1ара х1ун ду?..

Дог а г1еллой, охьавоьду. Висийта цунна юххехула а волий, д1авоьду, и тергал а ца веш. Цхьа хан яьлча, Кхокха кхочу цунна т1е.

Кхокха. Ватта, стаг, хьо воьжна 1уьллуш ма ву?. Ва-а, орца дала!
Куьйра (метта а вог1уш). Ма хьекха мохь! Х1ун до ахь…
Кхокха. Уой! Хьо метта ма веа.
Куьйра. Меттавеа, ца веънехь бакъахь-м дара…
Кхокха. И х1унда боху ахь?
Куьйра. Вайшинна дуьне доьхна дела…
Кхокха. Муха доьхна?!
Куьйра. Иштта… Хьан доьзалхочо хьуна т1е герз хьажийча, доьхна дац иза?
Кхокха. Хьан? Висийтассий…
Куьйра. Х1аъ, оцу ж1аьло… Ца лай и сан даго… Воьжна 1уьллуш со а волуш, ваьлла д1авахана. Вац, зуда, вайшиннан кхин к1ант, и тахана велла… Велла!
Кхокха. Ва Дела! Х1ара ма доккха х1ума ду!.. Ва-а, Дела, орцахвалахьа!

Мукъам.

IV сурт

Эпилог

Ши шо зама яьлла, Висийта ц1ера ваьлла. Цхьана дийнахь,
цхьа жимстаг х1оьттира Куьйрин не1арга.

Жимстаг. Ассаламу 1алайкум!
Куьйра. Ва 1алайкум солом!
Жимстаг. Хьо 1аьлмирзин Куьйра вуй…
Куьйра. Ву.
Жимстаг. Хьан к1ант вар-кха Аслуддин.
Куьйра. Аслудди?..
Жимстаг. Х1аъ, ц1ахь Висийта олура шех бохура цо… И декъалхилла, хьо марша, ах шо хьалха… Цо хьоьга а, шен нене а, къинт1ера довла ала бохура. Цуьнан т1аьххьара лаам кхочушбийр бу аьлла сайна т1елаьцнера ас…
Куьйра. Сан к1ант велла, ши шо хьалха велла… Цунах хиллачу ж1аьлех х1уъу хилча а х1ун бен ду? Масане даьлла лела ж1аьла ле кху дуьненчохь х1ора дийнахь… Ж1аьлина, я кхечу хьайбанна а цхьаннан а къинт1ера валар оьшуш а дац…
Жимстаг. Д1авоьду со… 1одика йойла… Сан декхар чекхдаьлла…

Д1авоьду. Мукъам.

Кирхьа.

Шен ц1ахь доцург дош дац

Дакъалоцурш:

Ризван
Бесирт – Ризванан нана
Аслан – Ризванан к1ант
Хеда – гочдархо
Полицейски
Вах1ид

I сурт

Чоь. Чохь – Бесирт, Ризван. Хезаш ю франкийн йиш.

Бесирт. К1ант, со дуьхьал йоллушехь х1окху дуьненан маь11е схьа-м далий ахь вай кхоъ. Ахчанах х1ун пайда бу, хьан сина парг1ато ца хилча?!
Ризван. Нана, гонаха хьажахь, х1ара санна хаза мохк ган а гиний хьуна? Цхьана аг1ор х1орд, вукху аг1ор лаьмнаш… гуттар а йовха… вайн ц1ахь санна т1уьна а яц… Хьан энашна дика мохк бу хьуна, нана, хьан голашна г1олий ца хила йиш яц хьуна кхузахь.
Бесирт. Маржа сан Ризван я1, голашна г1оли хиллехь а, сан дагна-м ца хилла хьуна г1оли. Шен ц1ахь доцург дош дац.
Ризван. Х1ун дац кхузахь Нохчийчохь дерг? Исбаьхьа 1алам ду, хаза ц1ена г1аланаш ю. Адамаш ду вовшашна декхаделла. Бонжуг1, бонжуг1 бохуш. Яах1ума а ю, лаахь жижиг-галнаш дан йиш а ю. Кхузахь санна дика жижиг суна ц1ахь гина а дац. Ахьар а ду хьуна деззарг.
Бесирт. Иза-м ду, делахь а…
Ризван. Бакъдерг дийцича, суна ц1а ваха боху ахь, цу аг1ор д1ахьажа а-м ца лаьа. Сан доттаг1 Хьумайд ца го хьуна? Ворх1 шо бен дац иза шен доьзалца схьавеана. Цхьа шо далале статус елла царна, оцу пхеа берана лучу пособех вайн ц1ахь даккхийра т1ек1ел ц1енош дина цара. Шайн гергарчарна дан г1о ду церан. Кхузахь 1едало квартира елла царна. Шайна атта дуьне дууш бу-кх.
Воккхах волу шиъ тоьллачу университетехь доьшуш ву, важа кхоъ воккха хилча цига деша г1ур ву.

Франкийн мукъам д1атоь.

Бесирт. Дера к1ант, бехк ма бац я хьан а, я сан а. Хьан да а, х1окху Асланан нана а д1адаьллачу дийнахь ца иккхина х1ара сан дог болатан хиллера. Дера я хьан ден а, я цуьнца цхьаьна йийначу сан несан а цхьа бехк ма бацара. Х1ун дийр ду, хийла бехк боцуш стаг х1аллакьхили.
Ризван. Т1аккха стенна соьцуш ву цигахь? Д1аваха некъ хилча.
Кхузахь оцу сан доттаг1чо Хьумайда гулбина бахам вайн ц1ахь гулбан дукха шерашкахь къахьега деза.
Бесирт. Дера, к1ант, вайн дайн кица ма ду: «Генахь даьккхинчу туьманал шен ц1ахь даьккхина сом тоьлу» олуш. Даймохк вайн ц1ахь бен хила йиш ма яц. Кхоьру-кх со, к1ант.
Ризван. Стенах кхоьру хьо, нана?
Бесирт. Эхь д1адаьлла меттиг ю-кх х1ара. Ца гина хьуна и адамаш, хьайбанаш санна х1орда йистехь дийшина 1охкуш.
Ризван. Иза-м бакъ ду.
Бесирт. Х1ун хир ду цу к1антах кху юккъехь хьалакхиахь?
Ризван. К1ант-м ас меттавалур ву, г1аж тоьхна-тоьхна.
Бесирт. Еттарх х1ума толур дац, хьехар дай, хьайна т1еверзаве. Селхана ахь цунна тохарх ч1ог1а вас хилла суна.
Ризван. Тухур яцара, иза шен хеннахь ц1авеънехьара, т1аьхьадисна бежана санна волавелла а ца лелаш.
Бесирт. Т1ера нана а елла, догдоьхна ма ву иза. Цунах кхета хьажа, къамеле ваккха, жимчуьн хьекъал ма дац.
Ризван. Дика ду, нана, хьо бакъ лоь, ахь боххург дийр ду ас.
Бесирт. Нагахь сан кхузахь кхалхар хилахь, со ц1а а хьой, вайн юьртарчу кешнашкахь, хьайн дена улло со д1айоллалахь.
Ризван. И ма дийцахь, нана.
Бесирт. Дийцахь а, ца дийцахь а цкъа т1екхача дезаш х1ума ду-кх иза. Цундела сайн мотт луьйччуьра д1абоху ас.
Ризван. Дика ду, нана, дика ду.

Серло йов.

II сурт

Хеза франкийн йиш. Изза чоь, чохь Бесирттий, Ризванний.

Бесирт. Х1ун боху 1едало?
Ризван. Цхьацца хаттарш дора-кх цара. Шу кхуза муха кхаьчна, ц1ахь 1ен аьтто бацара шун, х1ун зенаш хилла шуна, бохуш. Ас дерг а, доцург а, сайна дагадеанарг д1адийцира. Цхьаъ ца дийцича т1елоцур ма дацарий вай.
Бесирт. Т1аккха ткъа?
Ризван. Т1аккха ас мел бохург д1а а яздина, кхузара д1аса а ца довлуш хьоьжуш 1ен аьлла, схьаваийти. Комиссино къастор ду боху, шуна статус яла еза я ца еза.
Бесирт. И х1ун сатус ю боху?
Ризван. Вайна кхузахь даха луш бакъо ю-кх иза.

Не1 етта.

Ризван. Чудуьйла!

Чуволу француз-полицейски а, Хеда а, Аслан а.

Хеда. Де дика дойла шун! Со нохчи ю. Со кхузахь ехаш йолу ши шо ду. Схьаеъна ши шо а ду. Х1окху полицейскино ялийна со, ша бохург шуна нохчийн матте даккха аьлла. Сан ц1е Хеда ю.
Полицейски. Бонжуг1, мадам, бонжуг1,месье.
Хеда. Шуьшинга маршалла хоттуш ву х1ара.
Полицейски. Un de vos voisins a téléphoné chez nous à la police et a communiqué que vous battez le fils …
Хеда. Шу цхьана лулахочо телефон тоьхна боху полице, ахь хьайн к1антана йиттина бохуш.
Ризван. Кхуьнан х1ун бала бу сан к1антаца? Сан вац иза, сайна лаахь тоха а, сайна лаахь 1отта а.
Полицейски. C’est pas votre affaire, mon fils. Il est mon fils. Si je veux – je le bats ou non. Tu respecteras à la maison ces vos traditions sauvages. Ici en France les enfants se trouvent sous la protection du pouvoir et de la loi.
Хеда. И шайн акха г1иллакхаш шайн ц1ахь лелор ду аш, боху х1окхо. Кхузахь, Францехь, бераш 1едало а, законо лардеш ду.
Ризван. Ткъа да х1ун деш ву? Да вац техьа шен доьзал 1алашбан безаш?
Хеда. Et le père que doit faire, à votre opinion? Sinon le père doit protéger ses enfants?
Полицейски: Nous établirons, de quelles affaires vous vous occupez. Où est votre fils? Appelez-le.
Хеда. Кхуо боху, хьо х1ун деш ву оха къастор ду… мичахь ву шу к1ант, схьакхайкха шайн к1анте.
Ризван. И стенна кхойкхуш ву?
Хеда. Pourquoi je dois l’appeler?
Полицейски: Ici c’est moi, qui pose les questions. Appelez, appelez …
Хеда. Хаттарш деш верг ша ву боху, схьакхайкха боху. Схьакхайкха.
Ризван. Кхайкха везахь, кхойкхур ву-кх.

Телефон туху.

Хеда. S’il faut, je l’appelerai. Soit…
Ризван. Алло, Аслан, хьо мичахь ву? Кет1ахь велахь, дика ду, сихха чуволахь.

Аслан чувог1у.

Аслан. Х1ун боху ахь?
Ризван. Х1ара милцо ву-кх хьоьга вистхила лууш.
Полицейски. Бонжуг1, Аслан.
Аслан. Бонжуг1.
Полицейски: Le message est venu chez nous que tu es battue par ton père, qu’il ne te permet pas de visiter la plage … ? C’est vrais?
Хеда. Кхуо хоьтту хьоьга шайга хаам кхаьчна, хьуна хьан дас етта а етта, хьо пляже ца вохуьйту бохуш… Бакъ дуй иза?
Аслан. Суна-м ца етта цхьаммо а.
Хеда. Personne ne me bat.
Полицейски: Ne crains pas! Dis la vérité. Je suis venu pour t’ aider.
Хеда. Кхера а ца кхоьруш бакъдерг дийца боху, ша хьуна г1о дан веъна ву боху.
Аслан. Со-м вац цхьаннах кхоьруш, суна цхьа а г1о а ца оьшу.
Хеда: Je ne crains personne, et je n’est pas besoin d’aucune aide.
Полицейски. Si rien n’aurais passé, les voisins ne téléphoneraient pas … Demain vous deux venez au bureau de police. Nous parlerons de nouveau avec le garçon en présence du psychologue. Voici l’adresse.
Хеда. Цхьаъ ца хиллехьара, лулахоша хаам бийр бацара боху. Шуьшинга кхана полицин участке д1авола боху. Х1окху к1антаца къамел дийр ду боху, уллохь психолог а волуш. Х1ара адрес дитина х1окхо.
Полицейски. Мерси, аг1увуаг1.
Ризван. Мерси, мерси.
Хеда. Со а арайолу, 1одика йойла.
Ризван. 1одика Дала йойла.

Полицейски а, Хеда а арадолу, царна т1аьхьа араволу Ризван.
Хеза нохчийн ширачу иллин мукъам.

Бесирт. Схьавоьл, Аслан, схьавоьл бабина юххе. Иштта хила а веза хьуна, к1ант. Цкъа а хьайна дас тохарх вас ма елахь. Дена дуьхьалволург стаг вац хьуна. Тахана санна, гуттар хьайн ден г1олоцуш хила хьо. Амма кхузахь ма 1елахь, ц1а г1олахь, зуда а нохчийн ялаелахь. Дика дуй, бабин к1ант?
Аслан. Дика ду, баба, дика ду.

Мукъам ч1аг1ло.

3 сурт

Изза чоь, шолг1а де, 1уьйре.

Ризван. Нана,тхойшиъ вахна схьавог1у.
Бесират. Стенга воьду шуьшиъ?
Ризван. Оцу селхана веанчо кхайкхина ма ву тхойшиъ полицин участке…
Бесират. Дала 1алашве шуьшиъ. Х1ара к1ант цигахь ма виталахь.
Ризван. Вуьтур вац, нана, вуьтур вац…
Бесират. Ахь х1ун дийр ду цара иза сацавахь? 1едалца къийсалур ма вац.
Ризван. Са ма гаттадехьа , х1умма а хир дац.
Бесират. Со кхоьру-кх… суна хаза ма хезна кхузахь бераш 1едало дегарий ненерий д1адоху бохуш… Я Аллах1, хьо орцах валалахь… Ва, сан дог… (Дог лоций, охьайоьду.)
Ризван. Ахь х1ун до, нана…х1а, хи… нана! Нана! х1ара-м д1айолуш ма-лаьтта… еса деша стаг вац…
Аслан. Баба! Х1ун хилла бабина?
Ризван. Д1аели баба…
Аслан. Баба! Баба! (Воьлху.)
Ризван. Х1инца х1ун дийр дара…? Телефон тоха еза Вах1иде… (телефон туху)… Вах1ид, схьавоьллахь сихха! Хилла… доккха х1ума хилла… нана д1аяьлла… х1инцца д1аяьлла… Амин… Амин… Дела реза хуьлда.

4 сурт

Вах1ид чуволу

Вах1ид. Ассаламу 1алайкум!
Ризван. Ва 1алайкум салам! До1а дехьа…

Вах1ида до1а до.

Вах1ид. Дала геч дойла кхунна. Дала ялсаманин хьаша йойла кхунах.
Ризван. Амин. Дела реза хуьлда. Вах1ид, хьан г1о-накъосталла оьшу суна.
Вах1ид. Дера дийр ду-кх сайга далург-м…
Ризван. Сан ненан весет ду ша ц1ахь д1айолла аьлла, тхуна ц1а дерза г1о дан деза ахь.

Вах1ид ойла еш лаьтта.

Вах1ид. Валлах1, Ризван, дийр дар-кха, амма соьга далур долуш х1ума дац иза… хьан х1инца а статус а яц, законехь д1асавала йиш йолуш а вац.
Ризван. Да ват1а цу законан!
Вах1ид. Статус хилча а, дукха кехаташ кечдан деза… дукха харж ян еза…
Ризван. Харж? Мел харж ян еза?
Вах1ид. Билггал ца хаьа, масех эзар евро олуш хезна суна…
Ризван. И-м дац… аьттехьа а дац…
Вах1ид. И хилча а, х1ун хир ду а ца хаьа, цундела кхелхинарг д1айолла еза. Массанхьа а дерг а Делан латта ду.
Ризван. Иштта-м дара иза, Вах1ид, амма ненан весет кхочуш дан йиш ца хилар доккха х1ума ма ду…
Вах1ид. Дала Ийманца собар лойла хьуна. Дукха воьхна хьовза мегар дац. Хьуна дуьххьара т1екхаьчна дац хьуна х1ара. Д1аваьлла-ваьлларг кхузахь кешнашкахь д1а а вуллуш 1аш ма ду тхо… собаре хила веза, Ризван. Ас х1инца схьакхойкху кхузахь болу нохчий, делкъал т1аьхьа кешнашка д1адаха деза вай…

Хеза «Салаватан» мукъам.

5 сурт.

Изза чоь.

Ризван. Нана, нана, сан миска нана… кхо шо кхечи хьо кхузарчу кешнашкахь йоллу. Хьо бакъ луьйш хиллера, нана, шен ц1ахь доцург дош дац! Сан сингаттам денна а алсам болу. Дай баьхначу лаьтте кхочуш х1умма а ца хиллера. Даймохк стагана ваха эшна ца 1аш, вала а оьшуш хилла. Нохчийчоь ц1ахь бен хила йиш яц.
Я Германехь, я Францехь, я Америкехь йиллалур яц Нохчийчоь. Цундела ц1ера ида а ца уьдуш, шен мохк ларбан а, хазбан а шега далург дан дезара х1ора а нохчочо.
Нана, сан аьтто ма-белли вай кхоъ ц1а г1ур ду, хьой, сой, Асланний. Со 1ийр вац хьуна хьан весет кхочуш ца деш, Дала мукълахь.

Хеза Гадаев Валида мукъам баьккхина илли.

Кирхьа.

Вайнах №9-10, 2015.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх