Ахмадов Муса. Дийцарш

musa_ahmadov222Хьер-м сатесча а хьийзаш яра…

ДІатийна Іалам. Хьаннийн хотешка суьйренан тІуналла йоьссина. ХІара хьаннаш хедош, шайна ирзош дохуш, цкъа мацах кхузахь баха хевшина нах.
ХІинца, дуккха а юьртахой лахенга баха охьабахана дела, мелла а жимъелла хІара юрт. Хийла цІа дисна хІокху эвлахь деса. Ткъа деса цІенош тиш а ло, сиха доха а духу…
Эвлана юьстахо, гІеххьа лекха арц дІаболалуччохь, гуш цхьа жима цІа а, цунах дІахуттуш дина рагІуй, божлий а дара. ЦІенна тІе йиллина кІайн шифер гора, юкъ-юккъера Іарж а елла, ткъа божлиний, жимчу рагІуний тІетоьхна – Іаьржа кехат. ХІора Іуьйранна, оцу божли чуьра арадолий, лакха орцах дажа хьаладоьдура масех бежана: цхьа еттий, ши шинарий, ши эсий. Царна тІаьхьа а хІуттий, кхин цІахь шега дайта хІума ца хилча, вир а доьдура дажа. Иза кху эвлана юьстахо охьадогІучу жимчу хи тІехь йинчу хьера чу а хиъна, ялхийтта шо кхаьчначу, Аьстмар цІе йолчу, кІантаца къамел деш Іачу, цхьа ког боцчу Уцин бахам бара.

Ткъа аьхкенан де делкъал тІаьхьене лестича, кара Іаса а лоций, цхьа гІогІ а текхош, зІакардоханна теба куьйра, я цхьогал дІаэккхон «кху-вай» – бохуш, мохь бетташ, ков-кертахь дезарш деш лела гІеххьа къена зуда Уцин хІусамнана яра, шен цІе Іабадат а йолуш.
Іабадат ворхІ шо сов йоккха яра Уцел. Уцин генаро болчу гергарчу наха, хІара дика реза а воццушехь, ялийнера иза, тІом дІабаьлла масех шо даьллачул тІаьхьа. Іабадат хІетахь хенаро жеро яра, шен долахь ши мотт а, «Казань» цІе йолу кехатан пондар а болуш…
Дера ца ялийра и Іабадат дукха Уцина еза а езаш-м. Кхин дан хІума дацар-кха, реза хила дийзир-кха оцу захалонна а: «Соьга мила йогІур яра, ах бен воцчу».
ХІан-хІа, Іабадат яцара Уцис шега сатийсинарг. Амма…
ТІамо ца деш хІун дитира?.. Уци ког а боцуш веара цІа, ткъа кхуьнан безам, ламанан лу санна, экама, къона Белита и тІом бахьанехь хІоьттинчу мацалло хІаллакйинера. Уцина цкъа а йицлур яц цуьнца ша дуьххьара къамел дина Іуьйре а, цуьнан ша Іодика йина суьйре а. И тайпа хІуманаш цкъа а дицдала тарлуш ма дац, хІунда аьлча, уьш цкъа юха хила йиш йоцу дела. Оцу юха хила йиш яцарехь ю-кх дІадаханчун хазалла а, ша тайпана хилар а…
Ткъа и Іуьйре иштта хилира.

Іаьнан Іуьйре. Ло, мохо лаьтта охьакхача ца дуьтуш хьийзош дарц долчу оцу Іуьйранна, шалго топ а эцна, «Гуди, Гуди» – аьлла, буьнчохь хІоз хилла Іуьллу жІаьла шена тІаьхьа а хьехна, шайн цІенна тІеххьара дІаболалучу орцаца хьалавахара Уци.
ХІетахь Уцина ма чІогІа дезара талла эхар. ХIокху юьртахь а вацара, иза санна, дика таллархо, цхьа Неждукъ хьалхара Оьрзмик ца лерича. ХІаъ, Оьрзмике хьаха ца кхочура Уци. Оьрзмик вешшехь топ а кара вича санна вара. Мел могашчу къоначу стеган ницкъ цакхочура, цо санна, хІара Іаннаш талла. Ткъа топ нийса тохар а, майралла а цуьнгара цхьамма а йоккхур яцара… ОхI, ма дика стаг вара Оьрзмик, ван-м! Дера вара дог цІений, жимчуьнца – жимий, воккхачуьнца воккхий-м…
Оцу Іуъйранна-м Уцина дагахь а дацара, я дагадан йиш а яцара Оьрзмикан валар сел генахь хир ду, я хІокху маьлхан дуьненахь сел боккха тІом бер бу, я и оцу тІамера цхьа гІогІ а доцуш цІа вогІур ву бохург Оцу Іуьйранна Уцина дагахь шен талла вахар дар, кхин цхьа а хІума а дара…
И кхин цхьа хІума хІун ду дІадийца Уцина шена хуур дацара хІетахь. И цхьа экама, ламанан баппа санна, синхаам бара, и цхьа сирла ламанан шовда санна, синхаам бара, и цхьа дог дохден, бIаьстенан малх санна, синхаам бара… И синхаам бийца йиш йолуш а, я бийца оьшуш а бац, и синхаам шен даг чохь кхоллабала беза, ша бовзархьама…

Эрна веъна ца хиллера Уци шовдан тIе. Белита, шен кIудал юьзна а яьлла, и шовда долчу Iин чуьра хьалаяла гIерташ йоллура. Белша тIе хIоттийна кIудал а йолуш, ше хьаькхначу басах ши калу а шерший, меллаша юха чуюссура иза. Гучувала ца хIуттуш, шен дагахь, жимчу берах санна, вела а воьлуш, цхьана кегийчу бIаьллиган коьллашна тIехьа лаьттара Уци. Эххар а, тIеяла гIерта кIорда а дина, гIеххьа кIад а елла (цундела беснеш кхин тIе а цIийеллера цуьнан), Белита, шен кIудал охьа а хIоттийна, даккхий синош а дохуш, сецча, ша лахара хьала вогIучуха:
– Iуьйре дика хуьлда хьан! – олуш, тIехIоьттира Уци.
– Далла везийла! – элира Белитас.
– Хьо хитIа еъна? – и тайпа цхьацца хеттарш Уцис а деш, Белитас эхь хетарца царна жоьпаш а луш, лаьттира и шиъ.
ТIаккха Белитас, цкъа шен кIудале а хьаьжна, юха шен лун ши бIаьрг ше хьаькхначу басенга а берзийна:
– Со-м хьелуш лаьтта, – элира.

И хьалха, цу гух тIеяла гIерташ, холчу хIоттар гинчу Уцина дагатесира и хьовзо:
– ГIуо делахь.
Амма йоьIан бIаьргаш дехаре, «ца хаьа хьуна, аса ца аьлча а, хIун дан деза»… бохучу маьIнех шега хьаьвсича, ша аьлла дешнаш гIеххьа новкъа а даьхкина:
– Дера оцу басах-м кIудал йоцуш а ма валалур вац, – аьлла, цхьана куьйга кIудал а лаьцна, цкъа-шозза кхоссавелла басах тIе велира Уци.
ТIаккха и, кIудал охьа а хIоттийна, басах шершаш, халла халайогIу Белита тергалъян хIоьттира. Ткъа иза, басе чекхйоллучохь, мачаш шарша а шерши шен ницкъ ма-ббу чу ца йосса гІортарна, аркъал а сеташ, охьакхеттаза юьсуш, сецира. Оцу минотехь, цунна улло дІакхечира Уци. Амма цуьнан бІаьргаша – О, и бІаьргаш! Царна чохь гора-кх Белитин дагахь дерг – хезаш боцчу, амма кхетачу маттаца: «Сох куьг ма хьакхадалийталахь, со леш хилахь а», аьлла, сацавалийтира иза. Ткъа Белита, ша шен когаш тІехь ларъяла ницкъ а кхаьчна, кІудал белаш тІе а хІоттийна дІайолаелира.

Уцис:
– Хьо юха хи тІе маца йогІур ю? – элира, шена иза хІора Іуьйранна а, хІора суьйранна а шовдан тIе йогІийла (хийлазза талла воьдуш, я цигара цІа вогІуш ша, иза коьллаш юккъехула тергалйина дела) хуъушехь.
– Со-м хІора дийнахь Іуьйранна а, суьйранна а йогІу кхуза, хьо ца вогІу-кх, – элира Белитас, юха а йоьрзуш.
Цуьнан къамело, аьлча а «хьо ца вогІу-кх» бохучу шина дашо чІогІа хазахетийтина, воьхначу Уцис:
– ХІинца-м вогІур ву, деллахьа вогІур ву-кх, – элира.
Ткъа Белита:
– Суна кІудалш тІеяхий? – аьлла, хаттар а дина, кхуьнан жоьпе ца хьоьжуш, ела а къежна, дІаяхара.
Уцис-м оцу дийнахь кІезга теллира, цхьа БелитагІарна хьалхахула хьала доьду, сарралц ша гезди Іин ца лерича…
Ткъа и суьйре, къастаран суьйре?..

ОхI, ма тера яцар-кх иза оцу дуьххьарлерачу Іуьйренах, хІунда аьлча, и Іуьйре дарц долчу Іаьнан яра, ткъа хІара суьйре – хаза яьллачу бІаьстенан. И башхалла хилла а ца Іара и шиъ къастош, уьш дуккха яра. Коьртаниг, цкъа а диц ца лург, иза къастаран суьйре хилар дара.
Оцу сарахь, елхаран къурдаш а деш, дIабуза лахбелла хьаннашна юккъехь, цхьа хIума яйча санна, шен зIаьнарш ловзон малх а, кхехкаш, мокхазан тIулгах бухдуьйлу шовда а, кхарна лакхахь гу тIехь, гIийла гIаш а дегош, лаьтта кIайн ши мах а теш долуш, Белитас элира:
– ХIан, Уци, хIара сан чIуг ю хьуна, И хьайца лелае. Со хьоьжур ю хьо цIа варе… ХIора Iуьйранна оцу БIендукъ-ломах малх схьа мел кхета, со хьоьжур ю, со тешар ю хьо цIа вогIург хиларх. ЦIа воьллахь…
О-о, хIун дага ца деара Уцина хIетахь, хIун синхаам ца кхоллабелира цуьнан даг чохь?.. Цунна хIара дерриге а дуьне цхьана тамашийначу дахкарлахь гира: хьаннаш – баьццара, баьццара яра, стигал – лилул-сийна, сийна, ткъа хIокху шовданах туьйранехь дийцина стаг денвен хи хиллера – ялсамане, дерриге а Iалам ша ма-дарра хилира, тIаккха кхуьйлира, Iаржделира: «Къаста деза, къаста деза, тIом, тIом, тIом, тIом!» – ткъес туьйхира цуьнан коьртехь.

ЭхI, ма лаьар-кха Уцина хIара Iалам шена хIинцца ма-гарра, цхьа тамашийна, туьйранехь санна гуттар а гойла. Амма Даймехкан декхар ду-кх уггаре дезаниг, сийлахьниг. И бахьанехь шен дог а ден деза-кх стага, иэшахь ша вала а кийча хила веза-кх иза.
Масийтта бIешо хьалха дуьйна дехаш схьадогIу кхеран шира тайпа. Хийла мостагIий летта цунна тIе. Амма царна къар ца луш, царна тIехь толамаш бохуш схьадеъна иза. Иштта ца хиллехьара-м тоххарехь хIалакьхилла хир дара кхеран тайпа.
Ткъа толам ша-шаха ца хуьлу. Оцу толаман дуьхьа, цхьаъ велла ца Iаш, дуккха а бIаьхой бала беза, дуккханна а чевнаш хила еза, дуккха а бовза-безарех хаьдда биса беза…
И дерриге а иштта къастош схьаала ца хаахь а, Уци дика кхетара и иштта хиларх. Цундела цунна хаьара ша цига, нагахь и толамна иэшахь, дахар а дІадала воьдуш вуйла, хІара тховсалерниг шен Белитица тІаьххьара цхьаьнакхетар хила тарлуш дуй.
Цундела делахь а, Уцин генна даг чохь цхьа экама, хІара шех ийзалун, хІокхуьнга цкъа а дешнашца йийцалур йоцу, я йийцаелча а хІара йийца а хІуттур воцу ойла яра. Лааман ойла.

Уцин дагна лаьара даима хІара шена тІеийзошдерг, амма шех, стенна делахь а, ша кхоьрург хІинцца, тахана, ламанан лу санна, йолчу Белитица довза, дог Iаббалц шовда, цІена хІаваъ мала, маьлхан зІаьнарш сийна хьаннаш цкъа а ца гинчу кепара ган – безам бовза. Амма цунна луург хир дацара ишттачу хьелашкахь, я Белитин шовданан хи санна долчу бІаьргаша хуьлуьйтур а дацара. Цундела Уци шен даг чохь кхаьрдира оцу ойланах.
«ХІан-хІа, иза-х и лоханиг, Iаламо хІора са долчу хІуманна делларг даций, иза безам бовзар, хьаннаша цІандина цІена хІаваъ санна цІенаниг дай», – бехказа юьйлура цунна хьалха и ойла.
Нийса а хетара Уцин дагна и бехказлонаш, амма кхуьнан дахарехь хила-м ца хилира и тамаше луург, и деза кхоьрург…
ТІаккха – тІом. Буьйцу хезначул а инзаре ирча бара тІом. Хала, адаме ла ца баллал, хала. Амма лан-м ловра салташа, хІунда аьлча, иза паргІатонехьа, къизчу, акхачу мостагІчунна дуьхьал тІом болу дела.

Уцина оьрсийн мотт а ца хаьара, я «пашисташ» бохучу дешан ма-дарра долу маьІна а ца девзара. Амма и кхетара цхьа дош ца аьлча а, шен накъостех, цунна хаьара «пашисташ» мостагІий буйла. Уцина дика хаьара коьртаниг шен гІуллакх дан ма-деззара кхочушдар дуйла, иштта хила ницкъ кхачахь, ша а Толам мелла а герга узийла. Цундела Уцис дан а дора дан ницкъ берг дерриге а, тийначу дахаран, маьршачу малх кхеттачу дийнан, Белитин ойла яхь а, цуьнга шен бIаьхаллин декхарш кхочушдарна новкъарло ца яйта стогалла а карош шегахь.
Хийла денош дIаихира, тIеман денош, гIенах санна, хIорш хьаьвддий-бевддий леллашехь. Цкъа ишттачу цхьана дийнахь, Уцина хIара дерриг дуьне сов чехка хьаьвзира, тIаккха жимлуш, бурула мажделира цуьнан бIаьргашна хьалха, тIаккха кхоьлира, Iаржделира.
Шена юххехь иккхинчу йоккхачу тоьпан хIоьан ницкъо ша, лаьттах схьакъастийна, масех метр хIаваэ хьалавоккхуш хааделира Уцина. Юха иза кхетам чуьра велира.
Метта веъча, гонаха кIарула-Iаьржа буьйса а, декъех юьзна тIеман аре а, ша санна, шийла Iа а дара…
Дуккха а Iиллира Уци оцу шийлачу арахь, дегI гIорон доллалц. Аьтту гIогI, бетонах доьттича санна, дазделлера. Хийла хан елира (я цунна и иштта хийтира?). Эххар а цхьа гIовгIоанаш хезира Уцина. Адамаш дара. Церан хабарх хиира цунна уьш вайнаш а, лазийнарш дIакхоьхьучу санитарни бригадера а буйла.

– ХIе-ей, мой кирепко ранийт, мой надо теплу место положийт, – шен гIори-гIоддах мохь туьйхира Уцис.
Хезира цуьнан аз. Носилкаш тIе а виллина, дахкаро хьулйинчу шийлачу арахула цхьанхьа-м ваьхьира иза…
ТIаккха – дархой, чевнийн лазамаш, белларш, бала бохкурш, цIерпошташ, юха – госпитальш, госпитальш, госпитальш, тIаьххьар а – операционни стол…
ОхI-хIай, и де. И де дагадеъча, Уцина хIара дерриге а дуьне Iаржлора. Оцу дийнахь Уци шен аьтту гIогIах велира, цуьнца цхьаьна – дуккхачу а хIуманех а (царна юккъехь дара талла эхар а).
Госпитале охьавуьллуш ши ког болуш хиллехь, цу чуьра араволуш-м «кхаа кога тIехь» вара Уци… ТIом дIабаьллера, амма тIамал хала дара схьа мел хеза ирча кхаьънаш лан. Нана елла, Белита кхелхина, доттагI Iаднан тIамехь хIаллакьхилла, Оьрзмик дIаваьлла… Цхьаъ цхьанал къиза дара кхаьънаш.
Оцу халахетарийн йозалла ца лалой, кест-кестта Уцис боккха узар бора, ах-хозуьйтуш:
– Деллахьа, Уци, ма тоьллера хьуна а хьайн хеннахь веллехьара, хIара «дика» болх а ца хьоьгуш, тIеман арахь, хьайн накъостий санна. Петар санна, Реваз санна, Iабдулла санна… Iийт, ма дика кIентий бара уьш! – олуш.

Иштта гIайгIано лаьцна дIаоьхучу деноша Уци хенал хьалха къанвора. Цу тIе цхьацца кара а вора кхуьнан доьхначу даг тIе туьха таса.
ХIун ца до халахетарший, халонаший адамах? Цара адаме шен амал а хуьйцуьйту наггахь… Уци маларе марзвелира.
Иштта лийлира иза масех шарахь. ТIаккха гергарчу наха, цкъа хьалха къаьркъа дуьтуьйтуш дуй а баийтина, шаьш цхьа дика болх бо аьлла, Iабадат ялийра Уцина.
ТIаккха, шен баланаш бицбан а гIерташ, шен бахамна тIевирзира иза. Шена ваха атта хир ду аьлла, цхьаболу юьртахой санна, Теркан йисте, гIала, АтагIа, Чуьйрийн-эвла – цхьанхьа а дIа ца вахара иза. Цундела Уцин цIа дасса а ца делира, деса доцу дела, тиш а ца делира. Иза цкъа а дасса а лур дац, я тиш а лур дац, Уци дийна мел ву.

Дика Iаш вара Уци кху юьртахь. Цуьнан дахар маьIне дора, къагадора сирлачу дагалецамаша. Амма тIаьххьарчу хенахь цуьнан дог Iийжош кхин цхьа халахетар дара.
Ша госпитальшкахула дIасаидош, тIамехь хилар чIагIдеш долу кехаташ дайинера Уцис. ХIетахь церан тIе-каро ян хIокхуьнан карах а ца делира. Цундела делахь а (хаац), Уцина Толаман ткъа шо кхачаран сийна йолу медаль ца еллера. Иза чIогIа хала хийтира Уцина. Кестта тIекхочуш Толаман ткъе итт шо кхочу де а дара. Цундела, ша хIинца а, хьалха санна, тидаме ца оьцуш витарна кхоьрура иза.
– «…Цу аьчкех ахь хIун до?» – боху соь ВатIас. Цунна елахь а, суна ма яц уьш аьчкаш. Суна а ма лаьа, нахана санна, айса динарг цхьанна оьшуш, цхьамма лоруш гIуллакх дуйла хаа…
– Ваши, цу хьайн документийн бух хоттуш кетах хIунда ца дохьуьйту ахьа?
– Дахьа-м дахьийтина ас цхьа бутт хьалха, гIалийтIехь доьшуш волчу Ахьмин кIанте яз а дайтина. Цхьаъ хир ду-кх, доьгIнарг. – шен Iасанашка «закъ-зикъ» а оьккхуьйтуш, хьалагIаьттина Уци. – Вало, Аьстмар, чувоьду вайша. Вайна гIеххьа хан а яьлла, тховса со волчохь буьса яккха…
Хьеран лоха неI тIе а тоттуш, аравелира и шиъ. Беттасино серладаьхнера хьаннийн аьрцнаш. Бердашна юккъехула охьадогIу хIара ахк а къагийнера цо. Чуьра кегийра тIулгаш а гуш, хьаьъна дара цуьнан хи.

Цанаш тIе тхи диллинера. Халла хаалучу мохо цигара тIуналла кхоьхьура. Аьхна тIуналла.
Тийна дара. Цхьанаэшшарехь хьийзачу цхьлхачу хьеоан гIовгIа ца лерича. Ткъа цуьнан гIара гIовгIа йолуш санна а ца хетара. Иза дика йогIура хIокху тийначу Iаламца.
Ахка йисте, цхьана айинчу меттехь, дара Уцин цIа. Цига хIара шиъ дIакхаьчча, «гIалх» элира жIаьло. ТIаккха Уцис: «ДIадала, Къуборз», – элира.
Юха, цIийнан неI а тоьхна:
– Iабадат, – кхайкхира иза.
Чохь паднар цIевзира, тIаккха цу чуьра схьахезира:
– Уци, хьо вуй и?
– Ву, дIаеллахьа неI.
ТIаккха и шиъ, Уцис «уьхь-уьхь» аьлла, йовхарш йинчул тIаьхьа, чу вахара. Стогар хьала а ца латош (корах чу кхеттачу беттасино серлаяьккхинера чоь), шаьшшинна меттанаш тадира Уцис. Чохь йиппаран хьожа йогIура.
АгIор ма-велли, набаран тар тесира Уцина. ГIеххьа хан яьлча цо:
– Суна хIунда ца ло мидал?… ХIунда? – аьлла, набарх мохь туьйхира.
ТIаккха хур дан вуьйлира.

Сатоссуш самавелира Уци. Дукха хьалхе хиларна Аьстмар хьала а ца гIатош, шен сийсалерачу сингаттамо са а дууш, хьера ваха велира иза.
Уцина ца хаьара сийсара почтальоно районера еанчу почти юккъехь шега Ленинградера тIеман-медицински архивера даийтина кехат дуйла а, цу тIехь хIара госпитальшкахь Iиллар чIагIдеш а, муьлхачу эскаршкахь хилла дуьйцуш а дуйла а; юха масех де даьлча ша кхайкхина райцентре а вигина, Толаман де даздечохь шена юбилейни медаль а, пхьаьрсах доьхку сахьт а (шен цIе тIе а язйина) лур дуйла а; тIаккха, и медаль хьалха а оьллина, сахьт пхьаьрсах а дихкина, вела а къежаш, цIа вогIуш, ша юьртахоша декъал вийр вуйла а.
Уцина иза тIаьхьа хуур ду. Ткъа хIинца иза хьера воьдура, шен тайп-тайпана ойланаш а еш.
Хьер-м, сацаза, хIинца а хьийзаш яра.

1978

Кхаа вешех туьйра

– ЧІама. ЧІама… – дохк долчу маьркІажехь къорра дека юьйцинчу керта йисте а хІоьттина кхойкхучу зудчун аз.
Кхин а, кхин а кхойкху. ТІаккха хеза цунна цІенна генахь доцчу Іин чуьра: «МІо-о-о». Дукха хан ялале гучуболу етт а ша.
– Хьо бист стенна ца хуьлу, ЧІама, хьайна хеззашехь… Хьуьйц, хьуьйц, бало чу. Собар, ас неІ схьаеллалц. ХІинца бало. Ма лестабе и корта. ХІинцца… Ас гІабакх аьтта хьуна. Яа, ех корта бетташ, Іена а ца еш. Мичахъ хоттала бахана хьо? Чу кІела кхаччалц? Собар, хІинцца. Ас иштта алах горгам а йина, дІацІанбо хьо. Схьа а ца хьоьжуш хьайн гІабакх яа. И цІога а ма лестаде… ХIаъ, ели со, ели. Яа хьайн гІабакх. Ас меттиг тайина, буха йол а тосуш… – божал чуьра ара а йолий, цІенна тІе йоьду зуда.

Дикка Іаржъелла. Хиллачу хьайбанийн хьожа еттало бешара схьа. ТІуьна а, шийла а ю суьйренаш…
Юха а тІекхечи гуьйре. Везандела, кхин цхьа гуьйре ган а доьгІна хилла-кх. ХІара муьста хан. Дохк а долуш. Массо а даьІахкана а хаало тІуналла. Ара а яьлла, дІо кертах, чІийш даха деза. Ма Іаържа а ю, цкъа а са а тосур дуй теша? Хийла хили-кх и ойла, хІокху дехачу масийтта шарахь. Са а теси, малх а кхийти. Юха а Іарж а ели… Кхунна хІумма а ца хили. Хьер а ца ели, яла а ца ели. Муха ца хили. Дерриг дахар дІа-м даха.ХІун дисна цунах тІаьхьа?
Ехха, керт йоцчу учи йисте а хІуттий, лаьтта иза, тишчу корталех а хьерчаш.
– И дуо мичара баьлла. Кху кертахь дуо боцу хІун хан ю? – шабарш до цо. БIаьргаш а хьакхадой, юха а хьожу иза уьйтIенан маьIIе, хIумма а яц, сурт хІоьттина хилла-кх.

Лаьтта-а-ш кхунна юха а го дуо. ТІаккха аьзнаш хеза. Боьршачу стеган велхар. Кхунна девза воккхахчу вешин Даччин велхар.
– Маржа Дачча яІ, хІокху ткъе берхІийтта шарахь иштта лаьтта-кх хъо саццаза воьлхуш. Хьан бІаьргех дийнна ахк хилла, – шабарш до зудчо.
ТIаккха иза дІатоь, когаш тIе охьа а лахлой. Елхаран къурдаш а деш. Юха а хеза аьзнаш. Дайх куьг а гІортийна воьлхуш лаьтта Дачча.
– ХІун хилла вайна, – иза ден аз ду.
– Вайн… вайн… Салахь вийна бах.
Дада, дада… Муха лайра ахь иза? Иккхина дIа стенна ца дахара хІара латта? Хьо-м Іадда лаьттара, тІулгах волуш санна.
– Собар хила деза-кх, нах кхаьрдар бу вайх…
– Иза суна хьалхара вахна ма хилла. Ша со ву а аьлла…
– Мухха делахь а…
ДІадов аьзнаш… ТІе хьаьрдаш тоьхна дуо а дІабов. Массо а дІавов… Цхьа бода буьсу.
– Маржа, Дачча, маржа… Шу массо а дІавоьду. Со юьсу кху боданца, – шабарш до зудчо юха а.
Учи тІера охьа а юссий, уьйтІе а хадош, юьйцина керт йолчу агІор йоьду иза. ГІаж а луьйзуш. Хатто дІаяьккхина кало лоьху цо куьйгаца, цхьана кога тІе а хІуттий. Эххар а карайо. ТІаккха юха а йоьрзий, цIийне бІаьрг бетташ лаьтта.

Тишделла цІа, кир тохаза шо а тІехдаьлла, ладарш оьху тховх чу. Жимма лаьттах чудахча санна а хета. Кораш раздевлла, хІинццалц цІена латтадора цІа, хІора бІаьста кир а тухуш. Даханчу шеран бІаьсте тІекхаччалц хІара тешара, цхьаъ милла а веъна а цІа вогIур ву бохучух. Амма шераш дІаоьхура, цхьана а хьешо кхуьнан неІ ца тухуш. Кхуьнан тешам жим-жима шелбала буьйлира. ХІетте а цІенна шех и дІа ца ходуьйтуш, ехха лийлира иза а. Цунна хаьара и тешам цІенна дІабаьлча, шен дерриге а дахар бода хилла дІах1уттур дуйла, Іаьржа бода хилла. ХІинццалц а дара иза-м бода. Делахь а иза сира бода бара, дохк санна, оцу дахкархула, маьлхан серло санна, гІийлла хаалора кхетаман кІоргенехь болчу кхуьнан тешаман къегар. Кхо сатуьйсура оцу къегаро эххар а цхьана дийнахь шен дахарх хьерча дохк дерриге а, эшийна, дІадаккхаре. Оцу дийнахь и кхуьй а керта вер ву. Вела а къежаш.
– Тхан йиша, оха са дии хьан, къинтІера яла, Іаламат хала дара тхуна…
ХІаъ. Салахь а хир ву. ХІун ду и вийна аьлла, кехат деъча? Хийла цІа баьхкина уьш цул тІаьхьа а. Хьуьлла эвла йистера Іуспа, тезет хІоттийна ши шо даьлча, цІа веара…

Стохккалц иштта хетара, стохка бІаьста хІаллакъхилира кхуьнан тешам. Карара яьлла чкъург санна, хахкабелла дІо Iин чу а кхетта, боьхна дІабелира. Иза дуккха а йилхира цуьнан коша улло а хиъна. Цунна тІе леккха буц яллалц.
ТІаккха чуеара, бIаьргара хиш а кхачийна. ХІинца хІара ца йоьлхура. Елхаялар а хиллера-кх цхьа ирс. ХІинца хІара меллаша, хахкаелла цу йисте йоьдура, дахаран йисте, шена а хууш ша йоьдийла…
– Со ара стенна яьллера?.. – бодашкахь чІоггIа декаш санна хета зудчунна ша шабаршца аьлларг. ТІаккха лаьттий:
– ХІаъ, чІийш даха… – тІетуху цо кхин а меллаша.
Кало хатте дІа ца лацийта, ког, охьа моссазза боккху дIаса а хьовзош, эххар а дІакхочу иза керта йисте. Цхардоьллачу серийн кегдаралан татанаш сих-сиха лелха тийналлехь, тIаккха сих-сиха дов.

– Маржа дуьне яІ! Маржа… Тховса тІаьххьара дІаели хьан куралла а, Сану. Хьайн гонахара керт ягон юьйли хьо а. Хьалха хьо ца ешара и дечех, хьуо цхьаъ бен йоццушехь, хьан гуттар а хуьлура хьалххехь Іалашдина лаьтташ дечиг. Кху шарралц… ХІинца… – ша шега а луьйш, пешахь цІе хьалалато гІерта йоккха стаг.
Эххар а цІенкъахь ловза юьйлало цІеран серлонаш. «Дувв» до пешо, йовхо яьржаш чухула. Зуда, паднар йисте а хуий, цІенкъа бІаьрг а бетташ Іа. Дуккха а Іа иза.
Хийла хан яьлча, цунна хеза беран, бархІ-исс шо кхаьчначу йоьIан елар. Т1аккха аз:
– Ваша… Ваша… боккха хиллий и саьрмик?
– Хилла боккха-боккха. Бузуш а ца хилла мел хІума йиъча а, – и Даччин аз ду. Иза кхуззахь паднара баьрччехъ хиъна Iа. Цуьнан когашкахь Іийриг мила ю? Жима йоІ, Іаьржа, даккхий бІаьргаш а, хьийзина кІужалш а йолуш. ХIара ю-кх, шовзткъе пхиъ шо хьалхалера Сану.
Зудчо тІе куьг кховдадо цунна. Амма иза, ца хилча санна, дІайолу. Еса ю чоь, цхьана пеша гІовгІа бен хІумма а ца хеза.
– Со ІадIа шуна, дІа ма гІойша.

Зуда ша йолччохь дІахеба. Цунна юха а хаза долало аьзнаш. ЧувогІу Шидий, Салаххьий. Охьаховшу вежарий.
– Дечиг даьккхиний аша? – хоьтту Даччас.
– Даьккхина.
– Делахь, со говр хитІа эцна воьду.
– Говр хитІа а йигна, дІа а Іалашйина, бежнашна хІума а тесна…
– Массо хІума а дина ашшимма-м, со Іашшехь…
Салахь, Салахь… Боккъал а хьо воцуш деха техьа хIара маьлхан дуьне?

Кху Іаннашкахула декна хьан пондаран аз кхин хезар дац-те цхьанна а? Цхьанна а гур дац-те хьан хелхар – стиглахь детта ткъес?..
Аьзнаш дІадов, зудчунна шен чоь серлаяьлча санна хета. Самукъадолу цуьнан. ХІара хІун ду техьа? Иза ехха Іа хиллачух ца кхеташ. ТІаккха ойла кхуьу: и марзо ю-кх кхуьнан вежаршна юккъехь мацах хилла, тховса кхуза еъна. БIаьстенан зезагийн хъожа ю цу марзонан, цуьнан серлоно латтош дара кхеран цІа гуттар а къегина. Иза даима а дуьхьал лаьттара арара чугІертачу бохамийн боданна.
Цхьацца шо юккъе а дулуш, дуьненчу бевллера кхуьнан вежарий, хІара массарел а жимах яра, цунна тІе вина масех доьзалхо кхелхинера, жима волуш. Иза кхуьура вежарийн безамехь.
Зудчо доккха садоккху, тІаккха когаш Іуьйра лаьтта юссу. Аннаш цІийза. Ша йолччохь хІуттий лаьтта иза, ладоьгІуш. Тхов тІера чуоьхучу догІанан тІадамийн тата хеза.
– ГІодмаш дІадотта а ца кхии йочана хилале, – шабарш до цо.
ТІаккха дІайовш лаьтта цIе марсайоккху, тІе чІийш тохкий. Корта морзах карахь болчу куьйгашна тІе а буьллий, дІаса а техкаш, Іа иза, цІаре а хьоьжуш. Аьзнаш хеза цунна юха а.

– ТІом баьлла, Герман тІелетта боху, – олу хІетта Шуьйта-гІалара цІа кхаьчначу дас.
МоггІара хІиттина лаьтта, ойлане а бевлла, вежарий, цхьа а вист а ца хуьлуш.
– Дада, Герман и Саьрмик буй? – хоьтту жимчу йоІа.
Амма да вист а ца хуьлу. ТIаккха вежаршка хоьтту. Цара тергал а ца йо хІара. Кхо юха а хоьтту. Эххар а Даччас каралоцу жима йоІ.
– ХІаъ, саьрмик бу, бийна дІабаккха безаш, – олу цо кхуьнан коьртах куьг а хьокхуш.
Зудчунна хорам хуьлу. Садукъло цуьнан. Шен ницкъ маббу къурд бан гІерта иза легашкахь лаьттачу дагахьбалламийн шодах. Эххар а мукъа довлу легаш, шад пхенашкахула баьржий, ира йовхо а хуьлий, дІабов.
– Ваша, ваша… Хьо лата гІур вуй цу саьрмиках?
– ХІаъ.
– ТІаккха Шида гІур вуй?

– ХІаъ.
– ТІаккха Салахь тІаьхьавогІур ву, дадин шаьлта а яхьаш. Вуй? Юха Саьрмико дІакхаьллича Іуьрг а даьккхина, цуьнан букъа тIе вер ву. Вуй? Юха буьйр бу Саьрмик хье юккъе шаьлта а тоьхна. Буьйр буй? Буй…
Шовданан хи санна, зов хилла дека йоьІан аз. ТIаккха дов.
ХІетахь боккъал а иштта хир ду а моьттура. Делахь а уггаре жимахниг, уггаре а хьалха саьрмиках лата вахар нийса ца догІура хетачуьнца. И иштта хила дезаш а ца хиллера. Дачче тІаме кхойкху кехат шега даийтина аьлла, юьртсоветан белхахочуьнца барт а бина, дІаваханера Салахь. Даччас хIетахь Салахье ала а элира, сел жима волчу хьоьга стенна кхойкху, ша а витина. Цо иштта хила дезаш ду, элира, хьоьга тІаьхьа кхайкха а мега. ТІаккха и вийна аьлла кехат деъча, юьртсоветан секретаро дийцинера Даччина ма-дарра.
– Маржа, Дачча яІ. Хьо дуо юххе хIоьттина воьлхуш гича а, со ца кхетара хиллачух. Суна моьттура дерриге а ахь сайна дийцинчу туьйранехь санна хир ду. Хьо велха а ца воьлхуш, сихха шаьлта а эцна саьрмиках лата стенна ца воьду бохуш ойла яра сан. Салахьана тезет хІоттийна кІира даьлча, хьо вахара… ХIетахь дуьйна ваза ву…

Цхьа татанаш а хезий, зудчо сацадо шен шабарш. ЛадугIу цо. «Къарш-къарш» – хеза тхов тІера схьа.
– Дехкий а тІетаьІна цІенна… Дехкий, неций, мох а, шело а… Чаккхе ю-кх кху цIийиан а, сайниг санна. ХІан-хІа, со ца кхоьру шуна, дада, нана, со ца кхоьру шуна, Дачча, Шида, Салахъ, оцу чаккхенах, кхерахь а, ас ловр ю шуна, иза, нахала а ца йолуш. Суна ма хаьа аша а иза иштта лайний. Аш лайна лазам лар боккха синхьаам бу. Вон хьаха дара и дан ца дезахьара… Делахь а шух цхьаъ цІа варе сатийсинера ас, Дачча. Сан нахаца яхь ма ю. Суна лаьара Нажин доьзалх хІу дуьненахь дуьсийла… Лиъча буй пайда?.. Ахь суна бийцинчул а боккха хилла хилла-кх, Дачча, шу лата дахана Саьрмик…
«Къарш, къарш, къарш» – тхов буучу дехкийн татанаша къардо зудчун шабарш. Иза хьала а гІоттий, аннаш а цІийзош, паднара тІе йоьду. ДІакхачале шозза соцу иза, аннийн цІийзаре ла а доьгІуш. ТIаккха паднара йисте охьахуу, бIаргаш кора тІе а дугІий.
– Хьо цхьаъ бен вацара сан висна, хьо ца вахча ца мега тІаме… – ненан къурдаша хьала юзу чоь.

– Массо а воьдуш хилча, со ца вахча стенна мега? – гІийлла дека Шидин аз. Дечган лоха зІар тІе а къовлий, кех волу иза. И сирла-баьццара буц, и кІайн-къорза зезагаш мохехь листина, кхин ца девлла кетІахь хІетахь дуьйна. Уьш Шидица дІадахана, тІепаза дайн.
– Маржа, Шида яI! Хьо вари уггаре а тІаьхъа вахнарг. Хьо вара и Саьрмик а эшийна, важа шиъ а валош цІа ван везарг. Хьан шаьлта аьрта хили техьа, я оцу Саьрмикан чкъор чІогІа хили техьа? Хьала ца валалуш, виси техьа хьо цу Саьрмикан кийрахь… Маржа Шида яІ! Хьо дІавоьдуш, зазанийн патарш хьийзара хІаваэхь, дитташ техкара мохехь. ТІаккха кестта къаьстира нанех, дадех. Кху кертахь шиъ дисира: сой, бодий, – догІанах а ийна Іенало зудчун гІийла шабарш.
Ша сецча, чоь кхин а еса хета цунна. Цхьаъ тІеоьшуш санна. ХІун? ХIа-а, пешан гIовгІа дІаяьлла. Даьгна девлла чІийш. Чоь шеллур елахь а, кхин араяла дог-м ца догІу. Сатухур-кха сатассалц.
Иза метта а йолий, тІе юргІа а тосий, дІатаьІа. Мичара наб. Хаддаза лардо цо кор. Кестта кхайкха юьйлалур ю тІаьххьара нІаьнеш. ТІаккха зарзлур бу бода.

Оцу боданехь Іуьллу некъ. Иза кхуьнан дахар ду. Шида дІавахначу дийнахь хилла цунах дахкарлахъ хьийза, шен юьхь лаьцнарг цхьанхьа а ца вуьгу некъан тача. Бакъду, масех де-м деара кхунна дохк дІа а айаделла, хьалхахь зезагаша къарзйина сирла анайист а гуш.
Цу тайпанчу деношкахь кхуьнан кхетамехь гIергІара гІелий, Іовраш уьдура, хьаннаш цІинлора, йолалора бІаьстенан юьхьан кІуркIамани. Кхунна ши ког а Іуьйра тІуьна Iаь гІуьттучу, бІаьстенан малхехь дохлучу лаьттахула дІаяха лаьара, цхьалха коч мохе ловза а йойтуш, массо а хІума а кхуллучу Іаламца йолу зІе а хаалуш. Дерриге дицдеш, хьагаме дара иза. Амма хІара ца йоьдура цига. Муха? Я Даччина а, я Шадина а, я Салахьна а ца евзина марзо йовзий? ХІан-хІа. Кхунна кхин а хала хир дара яха. Хир дарий техьа? Хаац. Амма хІара юхайоьрзура шен дагалецамех дуъззина лаьттачу, денна тишлучу цІа чу, шена тIаьхьахьуьйссучохь хийла сатийсамийн бІаьргаш а дуьтий. ХІан-хIа, цунна ца лаьара и денош духадогIийла. Ура-аттала кхетамехь царах дисна суьрташ юхадендар а вежарех болчу безамна хьанал цайисар хетара. НІаьнеш кхойкху. Бода чІагІло. Эххар а серладала долало кор.
– Кхин цхьа буьйса а чекхъели, – цІенкъа юссу зуда. – ДогІанан дерз дІасецна. Дохк дІаайаделла, малхбале серлайолуш ю.
Зуда, калош а тудий, кетІа йолу. Юьрте бIаьрг туху цо. Кхеран цІа хилла ца Іа, дассаделла. Шовзткъа ду. ЧІогІа боккха хилла и Саърмик. Ца Іебаш. Цхьаццанхьа цхьалха лаьтташ къена бошмаш го, букар ситтииа. Тиша цІенош а дац цигахь-м, стагга а ца висна уьш меттахь латто. Нажин цІа-м лаьташ ду тахана, кхана хІуъу хилахь а.
– Буьйса дІаелин, Сану…

Юхайирзинчу зудчуна шен лулахо го, керта йисте а хІоьттина шега хьоьжуш.
– ДІаели, Микаил, хьо араваьлла?..
И шиъ дехха лаьтта вовшийн тергалдеш.
Зудчунна хеза шен кхетаман кІоргенехь гІела гІергІаш. Цхьа мерза-лазаме Іаьвжа дог. ХІаъ, иза ву и. Кхуьнга тІуьна Іаь гІуьттучу бІаьстенан довхачу лаьттахула когаш Іуьйра шеца дІайола аьллачех цхьаъ. Иттех шо хьалха дара иза. ХІинца цуьнан зуда а ю – Іайнаъ, бераш а…
Эххар а къонах:
– Чувоьду со-м, – олий, йовхарш а еш, шен кетІа воьду.
Зуда а йоьду божал долчу. НеІ схьайиллича, докъаран, кхеллин йовха хьожа кхета юьхьа тІе. Цханаэшшарехь нох дохуш Іуьллу етт. ХІара цунна хьалха хьаьвди тІе охьалахло.

ЧІама, сийсара а баьхкинера уьш. Даччас туьйра а дийци, кхаа вешех туьйра. Сатассалц кхуьнца а Іийна дІабаха. Массо а хьалха санна вара. Бакъду, Салахь мелла а онда ваьлча санна хета. Гуттаренна а схьа маца богІур бу бохий ахь? Хаац, ЧІама. Цхьаъ мукъане а вагІахьара. Ца вагІахь, хІун дер – хІара, дІагІур ю-кх уьш болчу. Иштта хилла-кх хІара дахар. ЧІама, хьан хьайн ирс ду. БайтІе бажа лаьлличахьана, кхочушхуьлу хьан сатийсам… Я иштта дац те иза? Хьан ю те хьайн гІайгІа, адаман санна яцахь а, хьайниг – бежанниг? Я тарлора ахь кхуьнан, Санун, гІайгІа лелош хуьлий а. Хьанна хаьа? Ахь дакъалоцу дела, ницкъ кхочуш хила а ма тарло Санун, оцу гIайгIане ша ерриг хьаьшна дІа ца йоккхуьйтуш, яха а… ЧІама, ЧІама, ЧІама…
Зуда ойланашка а яхана Іашшехь, де доккха хуьлу. Эххар а, кІоргга са а доккхий, олу цо:
– Ванах, цхьа а хІума доцуш, эрна хир ду-тІехьа аса мел лелийнарг, хІара сан гІайгIанаш а, хІара сан баланаш а?
ТІаккха сихха хьала а гІоттий етт дІобосту цо.
– ХІан-хІа, ЧІама, вайшиннан йиш-м хьаха яц хьедала, хьелахь наха хІун эр ду? Уггар хьалха Іайнаа а олуш… «Къанъелла Сану, – эр ду-кх. – етт дІалалла хьалагІатта а карах ца долу». Хьуьйц, хьуьйц. Эр дац Сануна-м, – ша шега а луьйш, етт а лоллий, эвлайисте боьдучу новкъа йолу зуда.

1987

Вайнах №2. 2019. Печ. версия. №6. 2019. Эл. версия

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх