12.10.2016

Ахьмад-Хьажех лаьцна…

Тах1ир Ханалиев

Йоврйоцу ц1е

Нохчийн Сийлахьчу к1антана –
Ахьмад-Хьажина лерина

Схьавалар хилла хьан Бенахь,
Нохчийчохь – хазачу махкахь.
Ц1е яра езаниг – жайнахь,
«Ахьмад» – хьох элира юьртахь.

Бераллехь, къуоналлехь дуьйна,
Харцонаш 1аьвшира кийрахь;
Сибрехахь къаьмнашца 1ийра,
Сатуьйсуш Даймахке хийла.

Г1еметта х1оьттинчу хенахь,
Хилира Нохчийчохь имам;
Дуьхьало еш яра г1ера –
Вайн махка шаьш деънарш зулам.

Даймахкахь сингаттам бара,
Х1аллакдеш адамаш дара;
Хийла к1ант т1епаза вайра
Мел дукха халонаш лайра.

Т1ом марсабелира махкахь,
Йохийра, ягийра ярташ;
Зуламхой бацара дагахь
Бохо шайн ч1аг1бина «барташ».

Олуш ма-хиллара халкъо:
– Цкъа суьйре д1аяьлча,
1уьйре ма-йог1у,
– Вайн Дала толайе бакъо! –
Элира Ахьмада, ч1огг1а.

– Сацабе т1ом соь ма баха,
Со веъна иза чекхбаккха!
1амийша, адамаш, даха,
Ирсан дай хир ду вай т1аккха!

Мохь тоьхна элира нахе:
– Же, г1овтта, адамаш машарна!
Кхойкху ас хилийта кхане,
Хьаналчу, бертахьчу дахаран!

Халкъ т1аьхьа х1оьттира цунна,
Айира Толаман Байракх;
Кхин-д1а ца даржийта, зулам
Сацийра Ахьмада майрра!

Ц1еххьана хедира дахар,
Тешнабехк бира к1иллоша;
Амма цо битина бахам –
Маршо ю Нохчийчохь ехаш!

Вицлур вац Турпалхо цкъа а,
И саннарг даимна веха.
Ирс къуьйсуш, д1аделларг дахар –
Къуонах ву Дуьненан меха!
Зубайраев 1ела

Ахьмад-Хьаьжех илли

Балано хьовзийна,
1азапо гатдина,
Б1арзделла нохчийн къам
Ка йоьхна хьийзачохь,
Синметта топ кхетта,
Дера лом ва санна,
Ша хьалха велира тов,
И Ахьмад ва Хьаьжа.
Собаре лам хилла,
Шен дашца дош дузуш,
Къамеле велира тов:
«Ладог1ал цхьанделхьа,
Х1ай оьрсийн инарлаш,
Кху къоман да ву со,
Да воцуш х1ара дисчахь,
Жимха ву кху къоман,
Вала к1ант оьшучохь,
Масла1атан ох1ла ву,
Бакъ-харцо къасточохь,
Вай муьлха некъ хоьржу?!» –
Олуш и вистхилча,
Ойлане бевлира тов,
Цу даржийн инарлаш:
«Нийса некъ беца тов,
Къонахчо кхийдошберг,
Хьекъале деца тов
Баьччанан и дешнаш…»
Машарна лестира
Дов доьрзу байракхаш,
Хьошаллаш тесира,
Собаран сий айдеш.
Къонахчун дош тоьлла,
Зуламаш дирзира,
Цу Ахьмад ва Хьаьжин
Сий халкъо айдира!
Берсанукаева ЖовхIар

Турпала къонах

Ловш къиза цIе-тIеман Iазап,
АллахI бен, кхин накъост воцуш,
ГIаьттира турпала Ахьмад,
Шен мара Нохчийчоь къовлуш.
ЧIагIдина болатан дог шен,
Ца кхоош шен къона дахар,
Велира халкъана орцах,
Къонаха – турпала Ахьмад!
Цундела дегнаш чу нохчийн
Вижи и. Доггах тIеийци.
Заманан тептар тIе цо шен
Йоврйоцу цIе язйи цIийца.
Дин, собар, гIиллакх совдохуш,
Хьомсара Нохчийчоь езаш,
ДIаваха вайн мехкан къонах,
Шен халкъан хиндолчух тешаш.
Махмудхаджиев Муса

Иэсехь лаьттар ву

Кадыров Ахьмад-Хьаьжина

Вайн нохчийн къомана паргIато йоккхуш,
Деза дукъ тIелоцуш, гIаьттира хьо,
Машаран байракх хьайн кара а лоцуш,
Iожаллин багара дехира тхо.
МостагIий-м хиллера хьагІ-бода лелош,
Ямарта ойланаш дегнашкахь йолуш.
Кху махкахь Iенийнчу цIийх тоам боцуш,
Туьйхира цо къоман са лаьттаче.
Туьйхира, амма эша-м ца дира:
Бохамна хьалха халкъ хилира цхьаъ.
Хьоьгара байракх оьцуш шен кара,
ГIаьттира хьан оьзда, дог-майра воІ.
Ахь гайтинчу новкъара ца довлуш,
Ирсечу дахаре доьлхуш ду тхо.
Де-дийне мел дели, хазлуш, толуш,
Къоналле боьрзуш вайн Даймохк го.
Шо-шаре кхийдадеш, йоьду зама,
Хьан седа лепа, тхуна некъ гойтуш.
Хьан гIазот къобалдойла вайн Дала!
Тхан иэсехь вуьсур хьо, виц ца луш.

Вайнах №7-8, 2016 

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх