Ахьмад-Хьаьжех лаьцна. Стихаш

Давдиев Амин

Сий хуьлда турпалхойн

Масане хала де деара вайна,
Балано 1ийжадеш декъаза дегнаш.
Ткъа хьанна моьттура девр ду и лайна,
Доьрзур ду дахаран
муо гома к1аьгнаш?!

Халонаш т1еэца доьналла оьшу,
Ткъа иза ца хуьлу къонахчехь бен.
Къийсамехь къонаха толаме кхочу,
Дика к1ант волу-кха дикачу ден.

Тхьамдалла нохчашка
дукха ца кхаьчна,
Хьакъвоцчу паччахьна ма тайла г1ант.
Махкана са дала вели ши баьчча:
Кадыров Ахьмад а, Ахьмадан к1ант!

Бакъболу къонахий беркате хили,
Моттарг1аш лелийнарш т1епаза байн.
Ахьмадах, Рамзанах турпала илли
Нохчийчохь декар ду, мел деха вай!

Мостаг1чух Ахьмад цкъа оза ца лора,
Халкъаца тешаме, догц1ена вара;
Хинйолчу кханенан ойла цо йора,
Массо а х1уман т1ехь собар а дара.

Машарца боцуриг толам ца гора,
Динаца йоцуриг яцара марзо…
Бакъ новкъа воьдуче дуссура г1ора,
Букъа т1е кхевддинчохь отура харцо…

Къонахчехь ямартло цкъа а ца тайна,
Эзарнаш шераша гайтина и.
Дай боцу тхамданаш ца оьшу вайна,
Халкъана цара цхьа пайда ца бин.

Юьхь1аьржа ца х1оттор
ша Деле доьхуш,
Махкана д1аделла турпала дог,
Кхин сийлахь лакхалла,
бахам ца лоьхуш,
Ахьмада баьккхина х1ора а ког.

Дерриге шен дахар халкъана делла,
Ленйоцчу сийлалле кхачавеш ша,
Дуьнено «эшалун воцуриг» аьлла,
Декъала ма хили Ахьмад-Хьаьжа!

Жима а, воккха а къеста ца вора,
Тайпанаш, тукхамаш ца дуьйцура;
Тешаме къонаха геннара гора,
Милла а хьаша цо т1еоьцура.

Цу Делан 1илманца кхетам кхиийна,
Элчанаш, устазаш лийрина цо.
Халкъана хьалхара са ца кхоийна,
Замано йойур яц Ахьмадан ц1е.

Хинйолчу т1аьхьенна седанал сирла
Хьалхахьа д1адаха схьабилли некъ!
Нуре деш х1ора а дог1у де керла,
Рамзана схьаийци дех дисна дукъ!

Х1ун хир ду дуьненахь
турпалхойл сийлахь?!
Муьлхачу диканца бустур бу уьш?
Бакъ ма ду: вайн махкахь
къонахий кхиахь,
Зударийн б1аьргеха 1енар дац хиш.

Сий хуьлда Кадыров
Ахьмадан ц1енна!
Сий хуьлда и винчу турпалчу ненан!
Бакъволчу нохчичун Ахьмадан ден а!
Массо а заманахь сий хуьлда церан!

Ехийла Нохчийчоь къонахойн сийнна
Нийсонах, ийманах ца йолуш гал!
Диканна г1иттадеш адамаш денна,
Машаро екхийна сийна стигал!

Сатуева Камета

9-чу майхь…

Нохчийн къоман хьалхарчу
Президентана
Кадыров Ахьмад-хьаьжина

Къонахчун са лаца сихъелла,
ка-мIараш туьйсуш,
Цхьа хьаргIа-Iожалла хиллера
тIехула хьийзаш.
Ткъа нана-м Iаш хилла бIаьстенан
гIенашца къуьйсуш,
ЦIеххьана еъначу гIайгIанан
узамца тийжаш.

Са лоцу синхаам шен дагна
базбелча, нана
Хьан синан маршонна
гIаьттира доIадан маса…
Амма хьо веха и
хиллера ша т1аьхьайисна
Хиллера вайн Деле хьо
веха и тIаьхьайисна…

Тезет дIахIоьттина Нохчийчохь.
Денош майн беттан…
Йочанаш яхъелла, гIайгIане
бIаьсте ю цIийзаш.
Ц1еххьана кхалхар хьан
халкъана сих-дагах кхетта,
Къобала хуьлда-кха хьан
гIазот, даьккхинарг цIийца.

Стигланан сийналлехь хьаьвзина,
къоналлин шовкъехь,
Цхьа аьрзу дуьйжира хедаш
хьан тIаьххьара аз а.
Дуьненчохь кхин цкъа а ца
хазарх тхуна дош довха,
Хастам бо лаьтта тIехь бисарна
хьан кошан барз а.

Бакъдолчу дуьненахь хьан
синна паргIато хуьлда,
Дикано бицбойла лаьтта т1ехь
ахь лайна бала,
Махьшаран майданахь декъалчех
хьо декъал хуьлда,
Везначийн даггара къинхетам
бойла хьох Дала.

Маргошвили Султан

Нохчийчоьнан вуьззина кIант

Кадыров
Ахьмад-хьаьжин
безамна

Муьлхха а, кхерам тIехьаьдча,
ДIахьоду, дадош шен са.
Ткъа ахьа-м, тхан Ахьмад-хьаьжа,
Тхан дуьхьа дIадели са.

Ахь хьайна тIелеци дерриг
Т1едеънарг кху Нохчийчу.
Цундела хьо веги верриг:
– Со воьду, дог тешна шух!

Бехк тхуна ахьа ма билла,
Ларван-м ницкъ ца кхечи тхан.
МостагIчо тхуна ди хIилла –
ДIадаьхьи цо дахар хьан.

Iожалло д1авахьарх, тхуна,
Хьо-м вуьсий тхан муъма да.
Бекхаман чIир йоькхуш, хьуна
Кийча ву муьлхха вала.

Цундела, хIай Веза Дела,
Цхьа дехар хир ду тхан Хьоь:
Къинхетам Ахь цунах белахь!
Декъала Ахь делахь тхо!

Надиев Мудар

Ахьмад-Хьаьжа

Вайн стиглахь лепаш
Седарчий мел ду,
Тхуна хьо везаш
Тхан Хьаьжа хир ву.

Хьо вара Нохчо,
Дош нийса олуш,
Хаьржинчу новкъахь
Юха ца волуш.

Накъостий кхетош,
Нийса некъ гойтуш.
«Серлонан седа!» –
Массара олуш.

Хьаьжин таж лело
Доьналла оьшу.
Теш вара Дела,
И дара хьоьгахь.

…ДIаоьху зама,
Йорт эцна маса,
Виц ца веш цкъа а,
Дагахь ву даим.

Цундела иллеш,
Хьо вазвеш олу.
Ахь даха ницкъ луш,
Хьан лорах догIу.

Тхан чIогIа чIагIо,
Тхан хьаьжа Ахьмад,
Декъалве Дала,
Iилла хьо паргIат.

Вайн стиглахь лепаш
Седарчий мел ду,
Хьо тхуна везаш,
Тхан Хьаьжа хир ву.

Вайнах №2. 2019. Печ. версия. №6. 2019. Эл. версия

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх