Абу Исмаилов.

Исмаилов Абу.Х1окху шеран цхьайтталг1ачу августехь 65 шо кхочу Исмаилов Абу вина. Абу, вийца ца оьшуш, нохчийн маттаца жимма а гергарло долчу стагана вевзаш ву – поэт, прозаик, публицист, гочдархо, меттан 1илманча. Тахана а, сада1ар доцуш, нохчийн матта т1ехь къахьоьгуш а ву Абу. «Вайнах» журналан редакцин белхалоша даггара декъалво шайн гуттарлера автор. Абу, айхьа дага мел лаьцнарг кхочушдан Дала могашалла а, ницкъ а лойла хьуна! Дала дукха вахавойла хьо!
      ТIаьххьара зама

Кхерамаш тхуна ма тийса,
Шуна а новкъа бу уьш.
Дегаза тхоьга ма хьийса,
ТIаьхьарчу заманна луьйш.

Шун дайша, дендайша баьхна
Шайн зама тIаьхьара ю.
ХIетте а таханналц даьхначу
Шун берийн бераш а ду.

Церан а дезийца даха,
Дезийца бIаьстенаш ган.
Дезийца шайн иллеш даха,
Дайх диснарш диц а ца дан.

Къоначу дегнашна Iеткъа
И къамел, хIай баккхий нах.
ТIаьхьарчу заманна леткъаш,
Аша тхан хедабо мах.

Оха шун къоьжаллин сийдо,
Лору аш яьккхина хан.
Хаьа, тхо шу санна хир ду,
Некъаш а кхачор ду тхан.

Буц санна бIаьстенан арахь,
Кхуьур ю тIаьхьенаш вайн.
Шайн тIаьхье хьоьстур ю цара –
Хедар дац заманан тай.

Кхана а кхехкар ду дахар,
Юха а хьожур бу малх.
Зама а кхачор яц наха,
Кхачор бац замано нах.

ГIиллакх а, даима лелаш,
Нохчашлахь оьзданиг ду.
Баккхий нах, са ма гатделаш –
Къонахех шун тIаьхье ю.

Бакъболу баккхий нах лору,
Бахкарна заманца уьш.
Ларбийр бу шун синтем оха,
Тхайн йовхо шуна дIалуш.

Шовданал хьаьъна ю ойла,
БIаьстенал къона ду дог.
Лаьа шу даима гойла:
Шу мел ду, къона ду тхо.

I976 шо.

   Дуьненан бохь

Суна а хетара:
Со ву-кх дуьненчу ваьлла,
Кхуьнан и бохь белахь,
Дезашверг цу боьххье вала.

Мичахь бу дуьненан бохь?
Гайтийша суна и!
Бийцийша цунна тIебоьду некъ.

Уггаре лекха лам,
Джомолунгма шех олуш болу,
Баьккхина хиллера
Сол хьалха масийттамма.

Iапказ чохь уггар кIорга Iин,
Марианан чоргIе толлуш,
Чекхбевлла хиллера
Къардайнарш сол хьалха.

Стигланийн Iаьршашка,
Латтанийн кIоргене
Сол хьалха кхийдина нах.
Уьш цига а кхаьчна,
Юха а бирзина цIа.

Ткъа мичахь бу техьа
Кху нана-дуьненан бохь?
Я бан буй техьа и?

Бохь бу-кха, ахьа хьайн
Доьналла эшначохь гайтахь,
Хьан хьуьнар, адамна
Дика деш, беркате хилахь.

ТIаккха хьан йиш хир ю,
Хозуьйтуш массарна мохь,
ДIакхайкхо: «Баххьаш дац
Дуьненчохь коьртаниг –
Коьртанаш орамаш ду.
Дай баьхна лакхенаш,
Цара мийлина шовданаш,
Царах дисна гIиллакхаш,
Цара вайга бийцина оьзда мотт бу!»

И дерриг дагадогIий,
Дог карзахдолий,
Суо нохчо хиларах воккхавеш,
ТIамарш а яржайой,
Аьрзунан курачу хотIехь,
Къоьжачу Башламна хьалха
БугIу ас хелхаран бохь!

2009, июль

   Куьзга

Чухьаьжча куьзгана,
Схьахьоьжу цадевза сибат.
Цкъа мацах гича санна
Хетало маьттаза и бат.
Ас цунна хичашйо,
Дуьхьала хичашйо цуо.
Йист сеттош, бIаьргаш а къерзош.
Хьаьжа юккъе шад хIиттош,
Дегаза хьоьжу и соь –
Со аьшнашвеш ву и.

Мила ву, суна цавевзарг,
Я вовза ца луург?
Ас лоьхург вац иза.
И сибат дIадайна
ткъе итт шо хьалха.
ДIаоьххьург схьаоьхьуш долчу
Куьзганан хIун бехк бу?
Боху цуо: «Ма хIитта холча.
Со хьо ву, хьуна цавовзарх,
Я вовза цалаарх,
Нисдала хIума а дац».
…Дера дац.

ХIай къоьжа корта!
Забаръян ца мега?
Йиш ма яц вайн вовшахкъаста.
Хьо – со ву.
Со – хьо ву.
И ю-кха куьзганан бакъо.
Хилла ю.
Хир а ю,
вайшиннан зама дIалаккъалц.
ТIаьххьара, со шена велакъежча,
Иза а велакъежира.
Ас шена бIаьца йича,
Цуо соьга а таIийра бIаьрг.

Иштта дIа барт хилла,
Вовшашка ластийна куьйгаш,
Тхо дIасакъаьстира,
Мацца а цкъа юхагур аьлла.

***

Цхьа илли алахьа, ГIапур,
Вайшиннан бераллех лаций,
Ларйоцуш яхначу,
Аьрхачу жималлех лаций.

Ма дуьне дара и…
Ма зама яра…
Ма бесаш дара уьш…
Ма басарш дара…

Ма хIаваъ дара и..
Мартанан хьаъна хи,
Iаббалц вай мийлина,
Сендаллалц лийчина.

И стенга дахана?
Мичахь ду и хIаваъ?
Мичахь ду и Марта?

Вай «тIамах» левзина
И Iаннаш, и басеш,
Бакъболчу цу тIамо
Чахчийна, човхийна,
Iадийна лаьтташ ю.
Лаьтташ ду Дами дукъ,
Мусин ирзе, Лечан хьиэх.
Ламазан тIулг а бу,
Баьццарчу корсаман кузаца
Кечбелла, некъахо тIевоьхуш,
Заманан теш хилла лаьтташ.

Вай хIетахь идийна
И некъан тачанаш
Къухалахь, коьллашлахь,
Ларйоцуш, дIаяйна боху.
Цу Орцан кешнашкахь
Баьрзнаш а совдевлла догIу.

Къастадеш оьмарийн дозанаш,
Яздина терахьаш доьшу ас.
Хеназа кхелхинчу нийсаройн
Йицъяла ца туьгу, цIераш ас йоьшу.

Кхин дуьне, кхин дахар
Кхехкаш ду
Мартанан кху йистехь.
Хуьлда и адамаш
Вайшиннал дуккха а ирсе!
Уьш гIоза дехийла,
Кхин юха ца хезаш
Цу тIеман гIовгIа.
Цу тIеман къахь ца гуш,
Цу тIеман къизалла,
Цу тIеман юьхьйоцу сибат
Царна кхин ма гойла!
Царна ма хезийла!

Декхначу кху дийнахь,
И дерриг диц ца деш,
Карла а ца дохуш,
Дог карзах ца доккхуш,
Юткъьелла ойла ца хедош,
Цхьа илли алахьа, Г1апур,
Вайшиннан бераллех лаций,
ТIепаза яйначу
Аьрхачу жималлех лаций.

2009 шо, июль

Вайнах, №8, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх