Абалаева Луиза

Абалаева Л222Нанна

Даггара баркалла езаш со хиларна,
Ховхачу куьйгашца жималлехь хьестарна.
Буьйсанна йижаеш туьйранаш дийцарна,
Халонехь, шелонехь ларъеш со кхиорна.

Дахарехь со ирсе га лууш идарна,
Хьайн яхар д1атесна сох эла ва йина,
Хьекъале, г1иллакхе хиларе сатуьйсуш,
Цатайнарг, цадинарг хьайн дагчохь ва къуьйлуш.

Хьагъяларна кхоьруш, мацалла ца гойтуш,
Хьайн кийра бузонза мерза даар луш,
Хьайн могшалла ца кхоош сан могшалла ларъеш,
Ийманан некъа т1ехь со гойла лууш.

Нана – сан диканиг, массарел хазаниг!
Хьан б1аьрхиш магойла сунна цкъа а!
Дуккха а шерашкахь яхалахь, хьомениг!
Хастам бо цу Далла йолуш хьо сайн!

***

Дуьххьара хьо гина, безам бахана,
Веъна кху тойне хьо га лууш.
Хьо лаьтта хаза, безамехь, тайна, –
Дог деттало сан сакъералуш.

Зезаг сана хьо хаза ю.
Седа сана хьо лепаш ю.
Сайна йига со лууш ву.
Оццал мерза сан безам бу.

Юьстаг1а кхойкхуш, дагара хоуьйтуш,
Безам сайн буьйцу хьоьга аса.
Хьо езаелла, хьо йолча веъна,
Хаза дош ала, доьха хьоьга.

Зезаг сана хьо хаза ю.
Седа сана хьо лепаш ю.
Сайна йига со лууш ву.
Оццал мерза сан безам бу.

Хьо санна хаза, г1иллакхе, оьзда,
Йо1 ца йовзина, хьо тешалахь.
Хьоьжар ю, олуш,
к1ентан дош лоруш,
Безам т1елоцуш дог хьасталахь.

Зезаг сана хьо хаза ю.
Седа сана хьо лепаш ю.
Сайна йига со лууш ву.
Оццал мерза сан безам бу.

***

Суна лаьа, лаьа суна
Х1инцал-ц санна,
Хьо вог1ийла, ахь олийла
Еза даггара.
Со г1елъелла, со к1адъелла
Хьоьга сатийса,
Вола безам суна бала,
Хьайн безам мерза.
Хьомениг ву хьо сан, бохуш,
Диканиг ву хьо сан, бохуш,
Дуьнент1ехь ирсе ю, бохуш,
Хьомениг, лела лаьа.
Дахар хир ду, хир ду дахар
Х1инцачул хаза,
Сайн баланаш, сайн ойланаш
Юьйцур ю хьоьга.
Самагатде, бохуш соьга,
Лаьттийла лаьа,
Хьол хьомениг кхин хир яц сан,
Бохийла лаьа.
Х1ун де аса? Х1ун дан деза?
Доьлху жима дог.
Со ца езаш хилла техьа
Хьуна хьомениг?
Ирсе хир вац, хьомениг, хьо,
Йицйина лелахь,
Кхин хьожур яц хьо вог1ийла,
Хьуна ца эшахь.

Вайнах №5-6, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх