А.Т. Шахгереева, Ш.А. Джамбеков. НОХЧИЙН ХАЗАЧУ ГIИЛЛАКХЕХ…

Довза а, лелон а луучунна, хаза нехан санна, шорта дуоьзда гIиллакхаш вайн къоман. Царех коьртаниг: вокхаха ларар ду аьлла хета тхуна.

Вуно чIогIа хаза къамел ду вайн дайша дуьйцуш лелийна а, тахана массара а дийца хьакъ долуш: «Шеца иман доцчуьнгахь – гIиллакх ца хуьлу;гIиллакх доцчуьнгахь – оьздангалла ца хуьлу;оьздангалла йоцчуьнгахь – яхь ца хуьлу;яхь йоцчуьнгахь – доьналла ца хуьлу;доьналла доцург – комаьрша ца хуьлу;комаьрша воцург – стаг вац»…

Кхина ду оцу тайпанара алар:

– Доцчуьнгара гIиллакх даккха ца ло!

Комаьршалла бусалба наха къаьттина еза йуьйцуш ю. Делахь а, уггаре а хаза гIиллакх, – иза вовшашна юккъера гергалонаш ца хедор ду аьлла, хета тхуна. Вайн дайша олуш хилла:

– Ненахой а, стунцахой а лоруш воцург, – стаг вац!

Ткъа, «стаг вац хьо!» аларал доккха эхь, цхьанна а заманахь хилла а дац боьршачу стагана тIекхача. И тайпаэхь шен керта ца даийта дIаяхначу заманашкахь къонаха валар тIеиэца кийча хуьлуш хилла. Оцу тайпанарчу гIиллакхашанохчий оьздангаллин гураш чохь сецош хилла, доьналлах ца бухуш.

Ненавеше салам далар къобула деш дац нохчаша бусалба дин тIеэцначу заманахь дуьйна, цуьнца цхьаьна ненахошна халхахь охьахаар а, рицкъех кхетар а бехке лерина.

Уггаре а хьалха, эвхьазлонех шайн юкъметтигийн дозанаш лардархьама дешхилла иза.

Дерриге а къоман оьзда Iадаташ, сий, яхь, гергарлонаш, безараш, башараш, иэшараш, доттагIаллаш, кхидIа долу дерриге а хIумнаш – гIиллакхан сифаташдуйла хаьа вайна.

Нехан зуда, йоIстаг йогIуш гича, шен ши бIаьрг лаьтта а хьажабой, меллаша тIехволий, дIавоьдушхилла къонаха. Иа адамаллех ца воха деш хилла цуо.

– Воккха стаг хIусамехь хилча, цу хIусамехь беркат оьшур дац!– олушхилла вайн дайша. Кертара воккханиг дIакхелхича,има-беркат дIадоьдийа, и стаг воккха хилар бахьнехь, цу стагехь заманан йохаллехь собар гуллуш дуй а хууш хиларца доьзна зеделларг ду иза.

– Собар доцчохь – дов хуьлу!–эрна олуш ца хилла дайшкара дуьйна. Амма вайн заманахь жимаха, шегахь дериг бен кхин хьекъал нахехьа дац моьттуш, воккхачунна хьехамаш бан а ойа йолуш хуьлу.Вайн дайша тIаьхьара зама гергакхачаран билгаллонех цхьаъ лоруш хилла и тайпа хIума.

Шен да волчу меттехь воIана охьахаа товш ца хилла. Яздархочо Бексултанов Мусас дика дийцина иза шен цхьана дийцар тIехь. Деца цхьаьна шуьне хаар а, гIиллакхахвохар санна, лоруш дунохчаша, цуо дийцарехь.

Нана уггар декъаза адам ду нохчийн доьзалехь, массо а хуманна тIехь шена иэшам беш чекхйолу дела: юучунна хьалхе ца яккхарна а, тIедухучу барзакънакхоамбеш хиларна а. Бакъдолуш, ненан шен доьзал безар алсам хиларца а,цуьнца къинхетаме хиларца доьзна ду иза.

Вовшашца гIиллакхехила а, ларам чIогIахилаа Iамийнаду вайн дайшкахь дуьйна. Лулахо ларар, шен доьзалхо ларар санна, чIогIаду вайн. Цундела геннарчу доьзалхочул а тоьлу уллера лулахо!– олий, чIагIдовай тахана а.

Иштта, мел дукха дийцарах, кхача ца ловайнехан хаза гIиллакхех долу къамел. Вайн дахар а, вайн адамийн юкъаметтигаш а оьзда латтон цкъа а дIа ма тоссийла вай вешанхаза гIиллакхаш.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх