А.Т. Шахгереева. НОХЧИЙН КЪОМАН IАДАТАШ КХЕЧУ КЪАЬМНИЙН ГIИЛЛАКХАШЦА КЪАСТАРАН БАШХАЛЛАШ

 Вайн дуьнентIехь дехаш долу массо а къаьмнаш вовшех юьхь-сибатаца,басаца къаьстина ца Iаш, шайн гIиллакхашца а къаьсташ ду. Тахана, дайн гIиллакхаш, ламасташ, гIуллакхаш карладохучу муьрехь, вайна хаа деза дIаяханчу заманчохь вайн нахана юкъахь хIун гIиллакхаш лелла хилла.Иштта вайн синIаткъамийн лехам бусалба динца муха буозабелла хиъча а, дукха хIума серладер дара вайн кхетамехь. Цхьацца гIулкхана вовшахкхеттачохь дуьйцуш, олуш хезна вайна: «Вайн дай оьзда хилла, яьхь йолуш хилла, цара вовшашца гIиллакх лелош хилла», – бохуш. Вай дозаллица дуьйцу цIеяхханчу къонахех, Iилма долчу дикачу нахах лаьцна. ТIаккха, ала дашна, ледара тIаьхье лоруш хилла вайн дайша дай хестош йолу тIаьхье. Иза данне а дац дикниг хасто ца веза бохург, и диканиг хеста а веш, IадъIар ледара ду бохург ду иза, коьртачудекъана.

 

Тхан чкъурах болчарна дика дага ца дан а тарло иза, нанас дийцарехь, тIом болу хан йоллушехь а, адамийн вовшашца марзо а, къинхетам а хилла, адам дера а ца хилла, яьхь йолуш а, гIиллакхе а хилла. «Тохара тхо кегийра долчу хенахь юьртахь я куьпахь емалдора вониг, къобалдора диканиг… Юьртахь пхьоьханаш хуьлура, къоьжалло кхелина баккхий нах охьа а хуьйшуш, дика-вон дийцаре дора. Суьйранна, малхбузу IиндагIаш дахлучу хенахь, хийистехIуттуш кхин «тоба» уьлура, цигахь кегийрахой вовшаха кхетара, вовшийн дагара дийца… Iуьйрана я дийна юккъехь йоIе вистхилар эхье лорура. МаьркIажал хьалхе йоI маре йодахь, ядийна лорура. Массо хIума а шен-шен кепехь дара, хаза шен цхьа бакъонаш а йолуш, лелочун доза а дара. Наха хIума аьндолчух ларлора! Буьйсана буьртигахь хьаьжкIаш йохуш, тIаргIа къажбеш я нораш цIандеш белхеш хуьлура кест-кеста, я синкъерам бора, хьеший баьхкича, церан лерам беш.

Юьртахь зуда ялийна ловзар хилча-м, ерриге юрт бохург санна, цига дIагуллора. Нускале мотт а бастуьйтуш, лаккхарчу низамехь той дIахьора. Бакъду, юьртахь даьлла тезет а долуш, цхьана дас ловзар-м муххале а дийр дацара, ур-аттала зуда цIа юьгуш, топ а-м кхуссур яцара…»[1].

И дерриге таханлерчу денца дуьстича, вайна гуш ду-кх: Iуьйрана мичча хенахь а йоI урам новкъахь сацон а, цуьнца латта а мега. Буьйсана хуьлучу белхашка бахарна меттана, кегийрахой телевизорш хьалха, я тилпон чу а бирзина Iаш бу. Наггахь юьртахь ловзар дича а, цхьацца лела ца хуучу наха и дохош меттиг нисло. Иштта, шеллуш, дуьжуш латта къомах къам деш хилла долу вайн оьзда Iадаташ.

…Оьздангалла (культура) хIора халкъан шен-шен хуьлу. «Халкъан оьздангалла» боху дешнийн цхьаьнакхетар далийча, уьш кхето догIу оцу я кхечу «Халкъан оьздангаллех болу хьежамаш а, цо тIелаьцна оьздангаллин бехкамаш а» бохучу маьIнехь (Ахмадов Муса). Баккъала бакъдолуш, оьздангаллех болу кхетамаш тайп-тайпана нислуш а хуьлу хIор къоман. Иза вайна гучудолу, масала, оьрсийн а, нохчийн а гIиллакхаш дуьстича. Оцу оьрсийн къоман гIиллакхаш вайна массарна а бохург санна девза, нохчийн доьзалехь гIиллакхехь дац да-нана а, йоI а, кIант а, нус а, цхьаьна охьахевшина, юучух кхетар, иза иштта хила деза аьлча а, акха хета вайнахана. Ткъа оьрсаша, иштта охьаховший хIума а юу, мала а молу, я церан къомо уосал хIума а ца лору иза.

Амма нохчийн гIиллакх-оьздангаллин шатайпа билгалонаш гучуйовлу вайна бусулба динехь долчу кхечу къаьмнийн гIиллакхашка хьаьвсича а. Масала, вайн лулахь бехаш болчу гIебартоша салам боьршачу наха вовшашка делла а ца Iаш, зударша вовшка а, божаршка а ло, иштта божарша а ло зударшка. Ткъа хууш ма-хиллара, нохчаша, бусалба динаца цхьаьна деза тIеиэцар бахьнехь, вайн боьршачу наха вовшашка бен, жимчу стага воккхачуьнга а луш а дац салам. И тайпа гIиллакхийн шатайпаналла муьлххачу къоман культурехь а нислуш ю. Амма шайн дикчу гIиллакхашкахь дерриш а вовшех тера ду уьш вай хьехош долу къаьмнаш. Кхечу кепара хуьлийла а дац, хIунда аьлча, массо а дикчу гIиллакхийн бух – Дала шен пайхамаршкахула лаьтта биссийна хьехамаш бу. Цхьа а шеко яц хIор а къомо, шен дуьнене болчу хьежамашка а, шен дахаран хьелашка а, ша дехачу мехкан Iаламе хьаьжжина а, шен-шен гIиллакхаш кхоьллина. И дерриге а, тхуна хетарехь, цхьадолчу къаьмнаша Делан хьехамашкахь болу и бехкамаш мелла а шайна лело аттачу кепехь тIеэцна, ткъа кхечу къаьмнаша, «дегIан паргIато кхин тIе а йоьхкуш», шайна халонга а бохуш, тIеэцна уьш.

Хууш ду, массо а аьлла, оьздачу къаьмнийн воккха стаг лараран гIиллакх хилар, делахь а массеран а дац воккхачу стеган сий деш, иза тIевеъча, хьалагIоттуш Iедал, цуьнан некъ ца хадош, сацавалар,нохчийн санна.Дикка ойла йича, шатайпа халкъан кхетам бу иза, генара схьавогIучу стагана хьалхахула тIехваларх, цуьнан некъ «хедаш» я цунна йоккха новкъарло хуьлуш хIумма дацахь а, хIетте а воккхачу стаге болу лерам а, цуьнан шерийн а сий дар ду иза, хазачех хаза гIиллакх а ду, вайн дайша вуно чогIа лоруш хилла а ду.

Вай далийначу масалша гойту тайп-тайпанарчу халкъийн юкъара гIиллакхаш – дегIана хьулам бар, баккхийн нах ларар, нохчаша мел чолхе даьхна шайна, мел чIагIбина цара шайна и бехкамаш. Ткъа иштта гIиллакхийн аттала а ца лоьхуш, мелла а уьш ма-хуьллу чIогIа лелор  –  иза ю вайн къоман башхаллех а, хазаллех а цхьаъ.

Нохчийн къоман дика гIиллакхаш шайн коьртачу билгалонашца кхечу къаьмнийнчаьрца догIуш ду, амма кхечу къаьмнех схьакъаьсташ, шен шатайпа синмехаллаш а кхоьллина нохчийн халкъо, царах цхьаерш шайн оьздангаллин мах лакхара болуш, кхечу къаьмнашна а, масссо адамашна а йовзар пайде хир долуш а ю.

Кхин цхьа хIума а ду къаьсттина билгалдаккха дезаш: вай, цхьа а юкъара ца волуш,вешан къоман гIиллакхаш ма-хуьлла довза а, лардан а деза. ГIиллакхаш довзарал а совнаха, лело а деза, царна тIехь галваьлларг емал а веш! Вайн къомах наггахь верг бен ца хуьлу къоман гIиллакхаш ца девзаш, амма, хала хеташ делахь а, цхьаболчара де дийнера мел дели, Iен-ваха аьтту лоьхуш, дIатоссуш лаьтта уьш. Масала, хIинца дукха бу боьршачу нахана юкъахь коьртахь хIума лелор дитина,ткъа шовзткъе иттшо хьалха цхьа а жима стаг ца хилла коьртахь хIума йоцуш,ур-аттала шен кетIа волуш а, хьешана дуьхьал валар-м дийца а ца оьшу. Бакъду, тезета-м ца боьлху вайн нах коьрта тIе тиллина хIумаа йоцуш! Коьртахь хIума лелор дуьххьалдIа кечваларан кеп хилла ца Iаш, иза шен цхьа маьIна долуш хIума ду – «сан схьавалар цIена ду» бохург хила тарло иза.

Тхуна хетарехь, нохчийн къоман оьздангалла – адам ларар тIехь чIагIъелла ю. Вайн къоман гIиллакхо магош ца хилла стаг сийсазвар (маттаца я куьйга-аьшна), иза а хилла къоман оьздангаллин коьртачу мехаллех цхьаъ. Нохчийн къоман оьздангаллех доьзна хилла стаг сийсазварах ларвалар, цундела шен мостагIчунца а шен къамелехь ларлуш хилла шен багара оьзда доцу дош даларна кхоьруш, хIунда аьлча герзаца стагана бекхам бар магош хиларна, ткъа иштта эвхьаза, маьттаза къамел къонахчо дуьтуш ца хилла, дуьнено дехча а.

Ткъа эвхьаза, маьттаза къамелаш дар – иза йоккха уосалалла ю, цундела шен маттаца оьзда гайта веза хIора нохчочо, иштта и ца хилча, – оьздангаллин бехкамаш гIелло, церан сийлалла а, дикаллаа лахайолу!

 

[1]Информатор: Шахгереева Айзан (1958 шарахь йина, Iарло, Гуьмсан-кIоштара Комсомольское юьртахь ехаш-Iаш ю.12.09.2019).


[1]Информатор: Шахгереева Айзан (1958 шарахь йина, Iарло, Гуьмсан-кIоштара Комсомольское юьртахь ехаш-Iаш ю.12.09.2019).

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх