25-г1а апрель – Нохчийн меттан де

Сулейманов Ахьмад

Ма дохковаьлла со

Ницкъ болчо г1ело еш
Шел эшначунна,
Кхерстара сан дег1ехь
Нийсонан ц1е,
Харцонах чекхдолий,
Тоьпан х1оъ санна,
Ма кхочура сан дош
Бакъонна т1е…
Ма дохковаьлла со,
Ма дохковаьлла!
Д1аала деззачохь
Цкъа дош ца аьлла!
Тоьллачо г1ийланиг
Харцонца хьийзош,
Бехказа ца вуьтуш,
Ницкъаца хьийзош…
Ма дохковаьлла со,
Ма дохковаьлла!
Д1аала деззачохь
Цкъа дош ца аьлла!
Г1уллакхаш дина ас
Сайл г1ийлачарна:
Т1ехаа дин белла,
Делла ас герз.
Сайх дийца хастаме
Дош дуьтуш царна,
Комаьршо хестаеш,
Бекийна мерз…
Ма дохковаьлла со,
Ма дохковаьлла!
К1еззигчу х1уман т1ехь
Цкъа осалваьлла.
Цкъа, ч1ог1а г1о эшна,
Суо волчу веънарг,
Тергал и д1а ца веш,
Вухаверзорна.
Ма дохковаьлла со,
Ма дохковаьлла,
К1еззигчу х1уман т1ехь
Цкъа осалваьлла!
Адамийн хьашашна
1уьйранца г1оттий,
Малх кхетале хьалха
Воьдура со,
Г1уллакх дар ца хилча,
Хуьлуш син гатто,
Со вецаш, д1адаха
Сан кхузткъа шо.
Ма дохковаьлла со,
Ма дохковаьлла,
Цкъа цхьаннан г1уллакхна
Ара ца ваьлла.
Цу дийнахь сан ирс сох
Т1ехтилла, дайра,
Синтем цуо д1абахьар
Гуш дара шера…
Ма дохковаьлла со,
Ма дохковаьлла,
Цкъа цхьаннан г1уллакхна
Ара ца ваьлла!
Дуьххьара сан безам
Меттахаболуш,
Сил езаш къастийна
Йо1 яра сан.
Малхо и де санна,
Сан дахар кхолуш
Йолу йо1 лаьара
Кест-кеста ган…
Ма дохковаьлла со,
Ма дохковаьлла,
Сил езаш йолчуьнга
Сонта дош аьлла.
Ма дохковаьлла со,
Ма дохковаьлла.
Д1аала деззачохь
Цкъа дош ца аьлла!
К1еззигчу х1уман т1ехь
Цкъа осалваьлла!
Цхьалхха цкъа малхана
Дуьхьал ца ваьлла!
Ма дохковаьлла со,
Ма дохковаьлла,
Сил езаш йолчуьнга
Сонта дош аьлла!..

***

Малхе кхевдий, зезаг даьржа 1уьйрре,
Шийла шовда даьржа ара д1а.
Зезаг дужу, яг1ахь шийла гуьйре,
Т1е ша буьллий, шовда лекъадо.
Ас кхиийна и хьан деган зезаг
Лиънера сайн иллехь 1алашдан.
Шовда санна, и вайн ц1ена безам,
Т1ехь ша боцуш, даим сирла ган!
Реза вара со валлалц а ваца,
Хьан ирс кхолла, дахар нуьре деш.
Халчу новкъахь хьуна серло лаца,
Хьо яхийта, цкъа а къан ца луш!
Хийти хьуна, веъча санна къолах
Дайна дакъа, я ирс лачкъо хьайн,
Со-м ву реза хьайн везначун долахь
Хьо хилийта, хеттехь иштта вайн!
Хьо хуьлийла д1о седанал генахь.
Цкъа а вовшийн вай ма гойла кхин!
Хьанна хаьа, дуьхьал ваг1ахь г1енах?
Сан бертаза хир ду хьуна и!

Эдилов Хасмохьмад

Валарна кхоьруш

Къанъелча, гира ца йоссош,
Шен нана лелош к1ант хилла.
«Дика ас лелайой?» – аьлла
Цо нене хаьттина хилла.
«Дика-м лелайо ахь со, –
Жоп делла гихь 1ачу нанас, –
Лелайо, парг1атваьр, бохуш,
1ожалло со д1аяьхьчахьана.
Амма ас хьо гихь лелийна,
Сайн деган декъа а лоьруш,
Дийнахь а, буса а хилла
Хьо, сайн к1ант, валарна кхоьруш…»

Дог

Карзахе детталуш,
Ца тоьуш кийра,
Хьо стенна б1арзделла, дог?
Ахь х1унда г1иттаво
Буьйсанна хийла,
Ахь х1унда сан сагатдо?
Я хьуна 1аьткъина
Яхана зама,
Цо, дардеш, човхийна хьо?
Цо хьоьга кховдийна
Ца оьшу амал,
Шен ачо цо г1оттайо.
Цкъа хуьлу хьо г1еллой,
Ч1ерал а тийна.
И х1ун ду? И х1унда ду?
Мел лайна мох-дарц а,
Малхо та1ийна, –
Ткъа хьоьгахь х1ун бала бу?
Хьо карзах ма дийла,
Хьан болх бан деза.
Эшшарехь болх бе ахь, дог.
Ахь лайна мох-дарц хьан
Кхин лан ца деза,
Дахарна тоха ахь ног.
Хьуна – моторанна –
Чутоьхна г1ум а
Дажало кхин тухур яц.
Историн дахаро
Кхиэл йина,
Хьан некъ цо кхин бохор бац.
Экханан къизалла
Цо хьуна коча
Цкъеллиг-цкъа кхин тосур яц.
Кхин цкъа а цуьнга
Бода эккхочу
Маьлхан нур кхолалур дац!

Айдамиров Абузар

Воккхачу стеган илли

Сан коьрта т1ехь мацах хилла
1аьржа ч1агарш х1инца яц,
Наггахь дисна чоьш къежделла –
Царех хьоьгуш меттиг бац.
Хено яьгна юьхь а хебна,
Когаш лаьтто ийзабо.
Амма дог сан, гаур я1 и,
Жимчохь санна деттало.
Цуьнца бертахь сирла б1аьрса
Аьрха хьоьжу дуьнене.
Къинхьегам т1ехь къоначаьрца
Къуьйсу цара йохьаллехь.
Амма и шиъ х1унда г1ерта
Шайгахь доцчу г1уллакхе?
Новкъахь цхьа йо1 дуьхьалкхетахь,
Т1аьхьа доьду, со вуьтий…
Маржа я1 хьо, сирла б1аьрса,
Хан ца хууш догу дог!
Ма лехийша, 1аьржа б1аьргаш,
Цо шу чехош ла ца ло.
Аш ма леха, аш ма къийса
Гена яхна къона хан.
Цул ц1а дерзий вай нийсаран
Сира корта хьаста вай…

Доттаг1чуьнга

Мамакаев 1аьрбин безамна

Доттаг1а! 1ожалло
Къастий хьо тхоьха,
Чов хилла дог 1ийжа,
Б1аьргаш сан доьлху.
Сайн дагах кадетташ,
Кхойкху со хьоьга,
Хезаш аз ца долуш,
Кийрахь со воьлху.
Да-нана делла со
Буо хилла висча,
Атта сатуьйхира,
Къонахчо санна,
Ткъа тахна, доттаг1а,
Хьоьха со хаьдча,
Дог доьлху, дог 1ийжа
Массо а ханна.
Къахьделла суна сайн
Дас доьг1на ц1енош,
Ас шега хийла са
Тийсина юрт а,
Хьежалац цаьрга со,
Б1аьрхиш ца 1анош,
Дог доьлхуш, дог 1ийжаш
Хьоьжу хьан суьрте.
– Сихха ц1а вог1ур ву, –
Доьзале аьлла,
Генарчу кху юьрта
Соьца хьо вог1уш,
Ма дагахь дацара,
Пхи-ялх де даьлча,
Кхин ца ган вай вовшех
Къаьстар ду бохург.
Х1ун де ас? Ницкъ бац-кха
1ожалца къийса,
Хийла цо беза нах
Вовшеха баьхна.
Воьрзур ву массо а
Цу лахьтин кийра,
Х1ораннен дехарна
Доза ду тоьхна.
Даймехкан латта ахь
Эрна ца хьешна,
Иллешца бекар бу
Цуьнга хьан безам,
Лен доцу чурт ду и
Хьайна ахь доьг1на,
Хьан халкъо хьо дагахь
Латтор ву везаш.

Арсанукаев Шайхи

***

Мацах цкъа,
аьхкенан тхи тесна еанчу
1уьйранна, маьхьарца кхайкхийра ас
Кхачар суо х1усаме –
Кху маьлхан дуьнен чу –
Леррина кечйинчу суна сан дас.
Б1аьргаш ас боьллушехь,
Нана сайн евзира:
Исбаьхьа,
Догдика,
Лекха а сов.
Цу сохьта аганан мукъам схьахезира,
Сан даг чохь дийкира безаман зов…
Ткъа х1етахь дуьйна суо
миччахь хиларх а,
Даима ду сирла Ненан сурт гуш.
Ткъа х1етахь дуьйна суо
мичча эхарх а,
Даиман оьху ирх –
Лаккхахь и гуш!..
Дуьххьара лаьтта
сайн ког ловзуш г1аьттина,
Д1ахьаьжча –
Башлаьмнийн баххьаш схьаги:
Исбаьхьа,
Дохкура,
Стигланех г1оьртина! –
Сан даг чохь къонахийн
мукъам бийки…
Ткъа х1етахь дуьйна суо
миччахь хиларх а,
Даима и сийна баххьаш ду гуш.
Ткъа х1етахб дуьйна суо
мичча эхарх а,
Даима оьху ирх –
Лакхахь уьш гуш…
Мел гена эхарх, со кхочур вуй-те
Дагна сел гергарчу баххьашна т1е?..

Варий, йо1, ма г1олахь
поэте маре

Варий, йо1,
ма г1олахь поэте маре.
Ма теша поэтах,
дийцарх цо говза.
Совг1атна кхийдор ду
стигланийн дари,
Бохур ду:
– Г1о вайша седарчех ловза!
Ткъа кхано –
ахь х1усам готта ю алахь,
Йоьшур ю стих хьуна:
«Даймохк бу шуьйра…»
Я чохь-т1ехь оьшуриг
далхо хьо ялахь,
1ехор ю, бер санна,
дийцина туьйра.
Шун х1усам яьккхинчу
книгашна юккъехь
Ма леха –
карор яц хьуна сберкнижка.
Г1елъелла ахь бахарх
аьхкенан юьххьехь
Юьгур яц шеца хьо
Соче, я Ч1ишка.
Суьйренаш хийла а
токхур ю корехь,
Тийналлин марахь ахь,
дагах ц1елетта.
Ткъа поэт, хьан майра,
оьг1аз ма г1олахь,
Лаьттар ву кхечуьнга
кхийдош х1оз беттан!
Варий, йо1,
ма г1олахь поэте майре.
Ма теша поэтах,
дийцарх цо говза.
Совг1атна ма эца
стигланийн дари,
Ма г1олахь хьо цуьнца
седарчех ловза.

Окуев Шима

Хьоьга хьайгга

Нагахь со ларамза
Зилах ца валахь,
Сан ц1арна халкъашлахь
Баркалла дуьсийла.
Амма со лаьмнаша
Шайн во1 ца ларахь –
Сан чорхан даь1ахкаш
Ж1аьлеша къуьйсийла!
Дехьарчу дахарах
1еха а велла,
Нохчийчоь ас йицъяхь –
Со эхье вуьйцийла.
Хьомечу ден-ненан
Декхарех ваьлла
Хеташ, со д1аводахь –
Дарж дайна вуьсийла!
Дахарехь сан хилла
Бакъболу безам
Къоначийн ойланехь,
Хьо хестош, богийла;
Хьо реза йоцуш, со
Разтаь1на водахь –
Кхечуьнца хьан некъаш
Ирсаца дог1ийла!
Ас хьоьга язбина
Биъ-байтан мог1анаш,
Мукъаман лайш хилла,
Иллица декийла.
Хийла, хьоь сатуьйсуш,
Хьежийна б1аьргаш,
Хьан дагах ц1е летош,
Со вуьйцуш, сегийла!
Ас хьоьга хьайгга бен
Иийцина йоцу
Безаман сан къайле
Седанна юьсийла;
Ас хала къийлинарг,
Аьттоне даьлла,
Къоначийн дегнашца
Беркатца кхуьийла!

Сан хьоме Нохчийчоь!

Урх ийзош, екош гаьллаш,
Буьйса шен дин сецош ю.
Стиглара чукхийдаш, лаьмнаш
Хьаннашна барт бохуш ду.
Седарчий карзахе уьдуш,
Мархашна т1ехь хехкало.
Бацана, тхин т1адамаш муьйлуш,
Эсала мох хьекхало.
Беттаса, д1о генахь техкаш,
Боданах букъ хьоькхуш го.
Шовданаш, 1аннашкахь кхехкаш,
Эшаршца гуш 1енало.
И дерриг нисдина латтош
Кхолламмий, 1аламмий ду.
Со вина кхиийна латта –
Сан хьоме Нохчийчоь ю!
И хестош, дека сан иллеш,
И лоруш, ловзу ас ког.
Цо ницкъ луш деттало кийрахь
Безамо лазийна дог!

 Вайнах №2, 2017

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх