1алвади Шайхиев.

Алахьа, нана, сан аганан илли

Алахьа, нана, сан аганан илли,
Гой хьуна, со-м хIинцаъ бер ма ду, нана.
Чот ма е хиларх а шераш тIехтилла,
Доьху хьоь, аганан илли сан ала.

Хьо ю со Iамийнарг комаьршаллина,
Адамех теша а, уьш доггах деза.
Алахьа, нана, сан аганан илли,
Сан деган безаман мерз иза беца.

Гой хьуна, беза мохь белшаш тIе билли,
Нигат ду халкъана йовхо луш вага.
Алахьа, нана, сан аганан илли,
Iамавеш дош деган чарха тIехь ага.

Тешалахь: валлац со набарна Iилла,
Кийча ву сахиллалц ладегIа хьоьга.
Алахьа,нана, сан аганан илли,
Шерашца, цIийх дIауьйш, и дагах доьлла.

…Буьйса ю тховсенан ша цхьаъ да хилла,
Седарчийн цинцаша зарзйина текхаш.
Со теша, нана, хьан аганан илли
Диен дIаьндарг карор яц. И хир ду дехаш.

***

Боца некъ ас сайна хоржу.
Беханиг – кIантана ло:
Дарц хьоькхуш, юьхьмарш цо йожу,
Амма хьо хьалхахьа гIуо!

Кхачор бу сайниг суьйранна,
КIанта некъ кхане бийр бу.
…Дас иштта соъ цкъа Iуьйранна
Новкъа ваьккхина ву.

***

Сайн мехкан сийлахьа илланча
Хир воций хиъча,
Ас хIунда яздо диллина
ХIора дош цIийца?

Со хIунда воьлу Iуьйренна,
И екхна еъча,
Кхана суо дIакъастар уьйрашха
Сайн даго хьехча?

Ас синтем ца лехна дахарехь, –
Некъо дIавоьху.
Къар ца луш – иза ду амалехь –
Сайн хьаьркаш лоьху.

Декор ду иллеш а башханаш,
Со кхета, кхана.
Нислур ду сайнчара там ца беш, –
Иштта ду дахар.

Делахь а яздо ас диллина –
Со-м ваций къорам.
Некъ баккха сайн деган иллина
Ирбина къолам!

***

Мамакаев Мохьмадана

Цо нигат динера ирсана,
Массарна хьоьхура зовкх.
Вехара нахана виллина,
Цаьрца деш шен дахар токх.

Iалашо сирланиг хьоьхура,
Комаьршша безам дIалуш.
БIаьрсица бIешераш тоьдура,
Цхьа вахар – шениг – ца гуш!

***

Тахна а хьалхе со гIаьтти,
Юкъах а даьккхина гIан.
Пал туьйсу сайн цхьаллин баьрчехь:
ХIун дина?
ХIун дисна дан?

Узу ас селханалера
ХIора гIулч,
Сайн хIора дош.
ГIалатло яьллехь ву къера,
Цхьаъ аьллехь цхьаьнга ца товш,

ХIуттур ву и волчу кетIа
КъинтIера и ваккха со.
Цхьа де-м вайн – цхьа оьмар еца,
Масане хила тарло?

Бехкаш а Iажаркхах хьекъа,
Шен хеннахь ца тоьхча цел.
Оьший, ткъа, лелаян мекха,
Йиш хилча баккха вайн мел?

…Чекхдаьлла де аса луьтту,
Дололе сайн керла де.
Дан дезарш хьалхахьа хIуьтту,
Дебаян адмаллин цIе.

Б1ешераш-бердаш

БIешераш – бердаш ду,
Историн тулгIеша цистина.
Адамаш – тIеш ду,
БIешарера бIешаре тийсина.

Цара шайн белшаш тIехь
ДIакхоьхьу бIешераш
Сий дина.

Адамаш – тIеш ду
БIешарера
БIешаре
Тийсина.

***

Аганан иллешца дуьнен чу довлу.
Тийжаро техкайо вайн кошан гIовла.
Вай доьлу.
Вай доьлху –
Кхоллам бу иштта.
Вайн делар.
Вайн делхар
Йиш яц-техь литта?
Зевне аз, весет деш,
Дита тIаьхьенна,
БIаьргаш чохь малх хирриг
Массо а денна?

***

Шен меттехь дош аьлларг
Хьекъале лерина.
И ала ца хиънарг
Iовдал ца лерина.

Шен дашах тамаш беш,
Ша хесто ваьлларг-м,
Беламе ваьккхина,
Iовдал ву, аьлла.

Юьртахь 1уьйре

Iуьйре, даим санна, йоьлу,
Къегош маьлхан дашо цергаш.
Бой дIатоттий, кор сайн доьллу:
Аре йогу зазан цIергахь.

Кхуззахь кхиъна керла гIишло,
ДIогахь ялтин тулгIе техка.
Юьртахой сан, цхьацца-шишша,
Шайн-шайн балха боьлху чехка.

Уьш бу кхуллурш мехкан токхо,
Дахар денна хаздо цара.
Хьоьстур варий, ткъа, со зовкхо,
Иштта адмаш дацахьара?

***

Со стенах воккхаве маьлхан дуьненахь?
ХIун лаам Iаьвшина, сайн Iамал еш?
Ас ирс а ца лоьху аналлин генахь,
Сайн кхоллам айсса беш,
Цунна ву теш.

Сан дахар,
Сан вахар,
Юкъ ехкар – маржа! –
Къийсаман дорцан бой
Сан башлакх ю.

Толаме гIулч тесна,
Сайн лаьттахь варжа
Сан деган Iалашо ю!

***

Цкъацкъа шовда хилла,
Цкъацкъа – ломан хи,
Декийтийша илли,
Декийтийша и.

Шовда оьшу хьаьъна,
Аьрха – ломан хи.
Илли оьшу аьхна,
Шога оьшу и!

Илли – дахар санна.
Дахар – шовда-хи…
Илли дезац хьанна?
Дахийтийша и!

Вайнах, №4, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх